Тешна бара Даймехкан хиндолчух

даздарш (1)

Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийна 57 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалин театран-концертан залехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, цхьамогIа министраша, муниципальни районийн куьйгалхоша, динан векалша.

Гулбеллачаьрга маршалла хоттуш вистхилира Д.Абдурахманов. Цо билгал ма-даккхара, кху шеран февралехь 70 шо кхочу вайн халкъ махках даьккхина.

– Нохчийн Республика меттахIоттор 57 шо хьалха дIадолийна, – элира Парламентан куьйгалхочо. – Нохчийчоь тахана дIахIоьттина яьлла. Иза кхиаран новкъа яьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Де дийне даларца иза кхиош, чIагIъеш, схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Шен къамелехь Р.Кадыровс аьлла ма-хиллара, нохчийн халкъан исторехь доккхачу маь1не хилам бу Нохч-ГIалг1айн Республикин автономи меттах1оттор.

– Йоккхачу къизаллица махкахдаккхар лан дезна вайн халкъан, – бохура республикин Куьйгалхочо. – Мехкан мостагIий ду аьлла, харц цIе тиллина хилла нохчашна. Новкъахь а, дIадохийначохь а мацалла а, шело а бахьанехь дуккха а нохчий кхелхина. Дийнна халкъ хIаллакьхиларна кхерам кхоллабелла хилла. Шайн Даймахка сатуьйсуш, хийрачу махкахь 13 шо даьккхина вайн дайша а. Церан лаам кхочушхилла 1957-чу шеран 9-чу январехь.

Тахана маьрша дахар ду вайн республикехь. Нохчийчоьнан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь вайн халкъ, кога а хIоьттина, шен кханенах догйовха ду. Кхерам боцуш дIасаваха йиш ю муьлххачу а метте. ТIетт1а толуш ду дахаран хьелаш. Бусалба дин а, вешан гIиллакхаш а лело маьрша ду вай. Таханалерчу дахаре еххачу хенахь сатийсина вайн дайша. Вайн долчун хама а беш, кхидIа а дика гIуллакхаш алсамдохуш, дIадаха декхарийлахь ду вай.

Республикин Правительствон архивийн урхаллин куьйгалхочо Музаев Мохьмада ма-аллара, тахана а кхоччуш мах ца хадийна «Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь» долчу СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуман Указан.

– Цхьана ханна а доцуш, цкъа а юхадерзор а доцуш аьлла, вайгара дIадаьккхинарг юхадерзийна де ду 1957-чу шеран 9-гIа январь, – бохура историка. – Вайн халкъан тIаьхьенашна шайн дай баьхна латта цкъа а ца гайта Iалашо хилла юьхьарлаьцнарг. Бакъду, вайн дайша а, наноша а дог  ца хилла дуьллуш, мелхо а тешна хилла шаьш цIадоьрзург хиларх. Хийрачу махкахь шайна билгалйинчу меттера комендантера бакъо йоцуш дIасабаха йиш йолуш ца хилла уьш. Масала, велла волу шен гергара стаг дIаволла ваха а аьтто ца хилла. Ткъа шарна каторге хьажош хилла бакъо а йоцуш дIасавахнарг. Лакхахь билгалдаьккхина Указ арадаьллачул тIаьхьа а цIа дахка бакъо яккха езаш хилла. ЦIа даьхкича, церан хIусамаш чохь кхин нах хилла.

Цу тайпа къамелаш дира цхьаьнакхетаран кхиболчу дакъалацархоша. Билгалдаьккхира Даймехкан мах хийрачу махкахь хьакъ ма-дду хадийна хиларх. Ялсаманга санна сатуьйсуш хилла вайн дайша Нохчийчоьне. Вовшашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа деш дерг а цхьа хаттар хилла: «Вай цIа дохуьйту ца бох1?».

Цхьаьнакхетар дерзош, нохчийн эстрадин артисташа концерт хIотторца самукъадаьккхира гулбеллачеран.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: