Цхьа-ши дош…

США-н Президента Б.Обамас Камеруне хьажийна 300 эскаргIуллакххо. Цара цигахь дIахьур ду разведка яр.

***

НАТО эскарийн жигаралла лакхаялар хаало тIаьхьарчу деношкахь Россин а, Белоруссин а дозанашна уллехь.

***

Шемарчу Алеппо гIали юххехь хилла «иблисан пачхьалкхан» Iаморан туш а, герзаш, патармаш чохь долу складаш  а йохийна Россин тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна.

***

Шеман Iедалан эскарша тIаьхьарчу деношкахь дуккха а чIагIдина «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна тIелетарш дар. Зуламхой юхабовлуш бу гIаланаш, ярташ юьтуш.

***

Германин эзарнаш бахархоша митинг дIаяьхьира. Урамашка бевллачара дIахьедира канцлера А.Меркела дIахьош йолчу политикина шаьш реза цахилар.

***

Мигранташ денна эзарнашкахь схьаоьхуш бу Европин мехкашка. Уьш совцорехьа шаьш дан дезарг дийцаре до оцу пачхьалкхийн куьйгалхоша. Амма цкъачунна «молха» карош дац.

***

Россис тIеман-технически гIо до Иракехь болчу курдийн бIаьхошна. Иракан куьйгаллица бинчу бартаца а, иза резадолуш а дIахьош ду иштта гIодар. Цу хьокъехь хаам бира кху деношкахь Россин МИД-н куьйгалхочо С.Лавровс.

***

Украинехь дуьххьара даздира даймохк ларбархочун де. Оцу денна леринчу даздаршкахь дакъалецира нацисташа а. Церан тасадалар хилира полицица. Царах итт сов стаг лаьцна.

***

 

Россин Президент В.Путин 15-чу октябрехь пачхьалкхан визитца Астана (Казахстан) вахара. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилира Казахстанан Президентаца Н.Назарбаевца а, мехкан кхечу куьйгалхошца а.

***

Россин Президента В.Путина «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш  гайтарна» хьалхарчу даржан орденца совгIат дина мехкан премьер-министрана Д.Медведевна.

 

№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: