№ 261-ФЗ йолчу Федеральни законан 5-чу а, 6-чу а статьяшца нийса а догIуш, шайн долахь долчу цIенойн дайша а, дукха гIаьтнаш долчу цIенош чохь хIусамаш йолчу дайша а шаьш пайдаоьцуш долчу хинан а, йовхонан энергин а, электроэнергин а хьесап деш болу гIирсаш хIитто беза шаьш Iаш долчохь (2012-чу шеран 1-ра июль кхачале и гIирсаш хIиттийна а, болх бан буьйлабелла а хила безаш бара). Цул сов, дукха гIаьтнаш долчу цIенош чохь билгалдаьхначу хьаштех пайдаэцаран хьесап деш болу гIирсаш хIора хIусам чохь хилла ца Iаш, дийнна гIишлонна хьесап деш хила а беза. Коммунальни хьаштийн хьесапдаран гIирсаш дIахIиттош хуьлуш йолу харж гIишлойн, объектийн, долахь долчу цIенойн, хIусамийн дайшна тIеюьллу законо.
Нагахь санна, хIусаман да хьесапдаран гIирсийн а, уьш дIахIитторан а мах шен хеннахь дIабала таро йоцуш велахь, энергохьашташ кхочуш деш йолу организаци декхарийлахь ю пхеа шаре кхаччалц йолчу хенахь ахча схьалур долуш, цунна хIусамехь хьесапдаран гIирс хIотто. Ахча схьадалар тIаьхьататтарна (кредит) йолу проценташ Россин Федерацин Центробанкан рефинансированига хьаьжжина йохуш ю. Шен долахь йолчу хIусамехь энергохьаштийн хьесапдаран гIирсаш ца хIиттийна волчу стага, и хьашташ шена кхачош йолчу организацера белхахой баьхкича, цаьрга шен хIусамехь билгалбаьхна гIирсаш дIахIиттабайта а беза, дIахIитторна богIу мах царна дIабала а беза. Нагахь санна, хIусаман дас организацийн белхахошна хьесапдаран гIирсаш дIахIитто бакъо ца лахь (царна дуьхьало яхь), и гIирсаш цуьнга нуьцкъаха хIиттабойтур бу суьдехула. ТIаккха суьдан гIуллакхаш дIадерзорца доьзна кхитIе а харж хир ю цунна.
Нагахь санна хIусамехь коммунальни хьаштийн хьесапдаран гIирсаш бацахь, РФ-н Правительствон 2013-чу шеран 16-чу апрелера №344 йолчу сацамца нийса а догIуш, 2015-чу шеран 1-чу январехь дуьйна коммунальни хьаштийн мах (шар-шарахь) лакхабоккхур бу. Мах лакхабаккхар кху тайпанчу коэффициенташкахь хир ду:
2015-чу шеран 1-чу январера 2015-чу шеран 30-чу июне кхаччалц – 1,1;
2015-чу шеран 1-чу июлера 2015-чу шеран 31-чу декабре кхаччалц – 1,2;
2016-чу шеран 1-чу январера 2016-чу шеран 30-чу июне кхаччалц – 1,4;
2016-чу шеран 1-чу июлера 2016-чу шеран 31-чу декабре кхаччалц – 1,5;
2017-чу шарахь дуьйна – 1,6.
Лакхахь дийцинарг тидаме а эцна, шаьш пайдаоьцуш долчу коммунальни хьаштийн (шийла хи, довха хи, электроэнерги) хьесап деш болу гIирсаш хIитто беза бахархоша. РФ-н Правительствон 2011-чу шеран 6-чу майхьлера № 354 йолчу сацаман 81-чу пунктаца нийса а догIуш, коммунальни хьаштийн хьесапдаран гIирсаш хIиттор а, цара болх барна тIехь терго яр а, уьш ларбар а, шен хеннахь хийцар а хIусамийн дайшна тIедужуш ду.
№116, шот, 17 октябрь, 2015 шо