Вежараллин гIаланаш

Де дийне даларца чIагIлуш ю Нохчийн Республикин а, Соьлжа-ГIалин а Россин кхечу регионашца а, гIаланашца а йолу доттагIаллин уьйраш. Вайн республикехь долу дика хьал а гуш, дуккха а регионийн куьйгалхоша дIахьедо  шаьш вайн республикица гергарло лело лууш хилар. Оцу кепара доттагIаллин уьйраш тасаялар гира вайна хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь. ГIалин мэрехь куьйгаш яздира Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а пачхьенаш – Соьлжа-ГIала а, Магас а вежараллин гIаланаш хилла дIахIиттаран хьокъехь болчу бартана.

b_0_0_0_00_images_doc_news_goroda_pobratimy

Куьйгаш яздечохь дакъалецира Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, Магас гIалин администрацин декхарш кхочушдеш волчу Цечоев Беслана, официальни кхечу наха а.

Шен къамелехь М.Хучиевс  билгалдаьккхира вежараллин шина республикин пачхьенашна юкъахь герггара цхьаьна гIуллакхаш дар доккха маьIна долуш хилар. ТIейогIучу хенахь  гIаланаша цхьаьна кхочушйийр ю тайп-тайпана социальни а, экономически  а проекташ.

«Вайн вежараллин шина гIалина юккъехь цхьаьна  гIуллакхаш даран хьокъехь болу барт  доккха маьIна долуш  бу. Тхо кийча ду дешаран, Iилманан, культурин, спортан декъехь гарггара цхьаьна  гIуллакхаш дан, промышленностан, предпринимательствон, кхечу декъашкахь  цхьаьна  проекташ кхочушъян», – элира М.Хучиевс.

Б.Цечоевс иштта билгалдаьккхира Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан пачхьенашна юккъехь кхидIа а цхьаьна  гIуллакхаш дар доккха маьIна долуш хилар.

«Вайн республикашна а, гIаланашна а юккъера юкъаметтигаш чIагIъяларехь  дан тарлуш  дерг дерриге а дан декхарийлахь  ду вай. Оцу декхарца вай ларор  ду аьлла хета  суна. Вай дозалла дан хIума хир ду», – элира цо.

 

С.ЛАЛАЕВ 

 №116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: