Кхерамазаллин интернетан Лигица цхьаьна гIуллакхаш дийр ду

ХIокху шеран 13-чу октябрехь Москвахь  кхерамазаллин интернетан Лиго куьг  яздира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу  зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана. Цуьнца билгалдеш ду интернетехь кхераме  хаамаш баржорна дуьхьал цхьаьна къийсам  дIабахьар, къаьсттина тидам экстремизмаца къийсам латторна тIе а  бохуьйтуш.

12

                Кхерамазаллин интернетан Лиго Россерчу кхин а 15 субъекташа бина  цу  тайпана барт. Таханлерчу денна иштта барт бина цо Костромски, Пензенски, Тюменски, Белгородски, Томски,  Ленинградски, Омски, Архангельски, Липецки, Тамбовски областашца, Хабаровски, Пермски крайшца, ГIирма, Дагестан республикашца.

«Къилбаседа Кавказан республикашна  юкъахь тхоьца  цхьаьна гIуллакхдан йолаеллачарах шолгIаниг ю Нохчийн Республика. ХIокху шеран август баттахь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь  барт  бира оха Дагестанца. Герггарчу хенахь иштта барт бан  лерина ду тхо  ГIалгIайчоьнца а», – элира кхерамазаллин интернетан Лигин правленин председатела Давыдов Дениса. – Ларамаза дац оха Къилбаседа Кавказерчу республикашца  цхьаьна гIуллакхаш дар жигарадаккхар. Цигахь хIинца а нисло экстремистийн пропагандина, къаьмнашна, динашна юкъахь жахьталла даржорна  дуьхьал хаамийн тIом дIабахьарехь проблемаш  хилар. Оццу хенахь цигахь  алссам  зеделларг  IаIийна экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь.

Дагадаийта лаьа хIокху шеран сентябрь (товбецан) баттахь кхерамазаллин интернетан Лиго дIахьедира  шен белхан дозанаш шордан сацам  хилла хиларан хьокъехь. Берийн  порногрфина, наркотикашна, суицидана дуьхьал къийсам  дIабаьхьна  ца Iаш, хIинца дуьйна экстремистийн пропагандина дуьхьал а интернетехь къийсам дIахьур бу Лиго.

«ТIаьхьарчу хенахь экстремистийн а, террористийн а организацеша цIеххьана жигарадаьхна интернетехь  деш долу зуламе, питане  гIуллакхаш. Цундела вайх хIораннан а декхар ду оцу  зуламна  дуьхьал довлар. Тхо тешна ду кхерамазаллин  интернетан Лиго а, Нохчийн Республикин къоман  политикин, арахьарчу  зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а цхьаьна бан болийначу белхан  эвсаралла лакхара хирг хиларх а, экстремистийн пропагандина дуьхьал дIахьош болчу балхахь дика  кхиамаш хирг  хиларх а. Цунна оьшу  ницкъ, таронаш, зеделларг,  уггаре а  коьртаниг мехкан а, республикин  а куьйгалло гIолацар а ду  вайн», – элира Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу  зIенийн, зорбанан, хаамийн министра  Умаров Джамбулата.

 

Д.ХУСАЙНОВ

 №116, шот, 17 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: