ДIадаханчу кIиранах (нийса аьлча октябран 14-чу дийнахь) дIаболабелла «Хаарийн бIов» проектан 2015-чу шеран гуьйренан мур. Хьалхарчу къовсамехь дакъалоцуш яра Ойсхарарчу юккъерчу школера «Яхь» тоба а, Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн колледжера «Лаьмнийн хIайкалш» тоба а.
ХIара масех шо ду Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас и передача дIакхоьхьу. Ма-дарра аьлча, проектан автор а, и йолийнарг а ву иза. Ахь ладоьгIча, дуккха а нах цуьнга хьовсуш хилар а хаало: дешархой хилла а ца Iаш, баккхийнаш а тIехь. Цу чохь хезна иза я важа дош, дакъалацархойн жоп нийса дарий-дацарий бохуш, къийсадаларш тусало, иштта хила дезарий, вуьшта хила дезарий бохуш, передачех тайп-тайпана ойланаш ерш нисло. «Хаарийн бIов» оьшуш а, цуьнга хьовсуш а, цо нехан ойла мелла самайоккхуш а хиларан билгало ю иза.
Уггаре а хьалха передача оьшу дешархошна, студенташна, церан хьехархошна. Телеэфирехь къийсадаларшна кечам беш нохчийн исторех, литературех, маттах, халкъан барта кхоллараллех лаьцна дуккха а керланиг девза царна. Передачехь дакъалацаро дика Iаткъам бо церан барта мотт кхиарна а. Хууш ду, «Хаарийн бIов» передачехь дакъалацарх я хен-хенахь цуьнга хьожуш хиларх бахьана хIоьттина, нохчийн меттан хьехархочун корматалла хаьржинарш хилар. Вуьшта, эзарнаш хьовсархойх цхьаьнгахь мукъана а къоман истори йовзаре, нохчийн мотт Iаморе, литература ешаре цо хьашт кхоллахь а маьIне ю передача.
Нохчийн маттахь газет арахеца а, телерадиоэфирехь передача вовшахтоха а, Iилманан болх язбан а атта дац. Цунах ша шек верг оцу дакъошкахь цхьа хIума дан хьажа веза. Хала хеташ делахь а, тахана нохчийн маттаца кхолладелла хьал иштта ду: дуьйцурш дукха хуьлу, билггал гIуллакх дан луурш-кIезиг. Цундела вай баркалле хила деза нохчийн мотт ларбарехь, баржорехь кIезиг-дукха гIуллакх дан гIертачу хIоранна а. Баркалле хиларал сов, гIо лоцуш а. Оццу Мусас, передачех лаций шайна хетарг алахьара аш, хаттарш дахкийтахьара аш, дакъалацархой кечбахьара аш алаза стаг наггахь хир вац вайн яздархошний, журналисташний, нохчийн меттан хьехархошний юкъахь. Амма иза дIахезаш верг кIезиг хуьлу (Бексултанов Мусай, Исраилов 1Абдулхьамиддий, Чунчаев Шамсуддий, кхин ши-кхоъий ца лерича).
Атталла тергамхо хилла дакъалаца луург а хала каро везаш хуьлу. Доцца аьлча, вайх хIораммо а ойланца, дашца, билггалчу гIуллакхца «Хаарийн бIов» йоттарехь ницкъ кхочу гIо лаьцча, и чIогIа а, лекха а хир яра, и болх бечеран белхан шовкъ а айалур яра.
Мухха делахь а, «Хаарийн бIов» проектан гуьйренан мур дIаболабелла. Цхьа а шеко йоцуш, дика гIуллакх ду и вовшахъеттачара дийриг, Дала тIаьхье беркате йойла!
Хь.АБОЛХАНОВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо