Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 12-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалг1ахь левзира Самарера «Металлург» цIе йолчу стадионехь «Крылья советов» командица.
Майданан дай: Конюхов, Симайс, Надсон, Бурлак, Концедалов, Цаллагов, Родич, Дрогун, Габулов, Малло, Садик.
Соьлжа-гIалахой: Городов (Годзюр 58), Уциев, Семёнов, Родолфо, Рыбус, Кузяев, Адилсон (Грозав 83), Айссати, Иванов, Мбенгуе Вье (Митришев 72).
Хьалхарчу таймехь цхьаьннан аьтто ца белира гол тохарца билгалвала.
ШолгIа тайм дIаяла герга яханчу хенахь, 88-чу минотехь хьешийн таро хилира табло тIера терахьаш хийца. Цу т1е шен цIе д1аязйойтуш, билгалваьлларг вара Адилсон (0:1).
Ткъа шолгIа гол туьйхира Митришев Мохьмада, тIетоьхначу хенан 7-чу минотехь.
Рог1ерчу турехь, 25-чу октябрехь, «Ахмат-Аренехь» «Терек» ловзур ю Москварчу «ЦСКА» командица. А.ТУРШИЕВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо