1975-чу шеран 13-чу октябрь дара Соьлжа-ГIалахь йолчу студентийн юкъараIойлерчу №75 йолчу чохь «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъашхой- патриоташ дуьххьара цхьаьнакхетта де. Шайн Даймахке а, нохчийн матте а болчу безамо цхьаьнатоьхнера цхьатерра дог-ойла йолу кегийнах. Цул тIаьхьа «Пхьармат» евзира къоман бакъболу патриоташ кхиийна пхьалгIа санна. И де, и зама дагалаца 13-чу октябрехь Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь цхьаьнакхеттера хIетахьлерчу къоначу студентех болу.
Нохчийн Республикин халкъан яздархой Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, поэт Исмаилов Абу, Нохчийн меттан хьехархо а, поэт а Цуцаев Iалавди, пхьарматхойн тешаме накъост, гIоьнча хилла схьавеана, хIетахь комсомолан Нохч-ГIалгIайн АССР-н обкоман белхахо, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Юкъараллин Палатин декъашхо волу Дадуев Мохьмад. ДоттагIаша дагалоьцура «Пхьармат» кхоллаялар, Нохчийн литература кхиорехь, иза дуьненна а йовзийтарехь «Пхьармат» цхьаьнакхетаралло лелийна маь1на.
Россин Яздархойн союзан декъашхочо Исмаилов Абус дагалоьцура: «Европехь хилла «ренессансан» мур санна бара нохчийн халкъ дохийначуьра цIадирзина, даха охьахиъна мур. Шен къоман а, цуьнан историн а цIарах вуониг аьлча, иза новкъа догIуш, дог патриотизмах дуьзна бара пхьарматхой. Нохчийн матте болчу безамо цхьаьнатоьхна, цхьа дог-ойла йолу нах кхочура цига».
Цуцаев Iалавдис дагалоьцура: «Пхьарматхой бовзале, хьалха церан кхолларалла евзина, вахара со царна юккъе. Яхъяев Леча, Исмаилов Абу, Ахмадов Муса, кхин а иттанаш яздархой бара оцу цхьаьнакхетараллина юкъахь.
Цхьана дийнахь ТIехьа-Мартана йоьдучу автобуса чохь цхьана йоIах бIаьрг кхийтира сан. Иза нохчийн маттахь байташ йоьшуш яра. «Со кхетий хьажийтахь а царах», – элира ас цуьнга. Юха тхаьш долчу кхайкхира. Иза ВаларгтIера Гайтукаева Бана хиллера. Иштта хIораммо а ша саннарг каравой, тIеозавора «Пхьармате».
Мел генарчу юьрта а дIабоьлхура пхьарматхой, литература езачара кхойкхий.
Кегийрхой жигара бара, байташ дагахь Iамайора, пенан газет дара тхан. Иза шозза дага а дира «националистически» ду аьлла».
Ахмадов Мусас а, Исмаилов Абус а, Цуцаев Iалавдис а дийцира шайн цхьаьнакхетараллина «Пхьармат» цIе муха, хьан тиллира. «Дала гечдойла цунна, Сулейманов Ахьмада язйинчу «Пхьармат» бохучу легендина тIедоьгIна, тиллира и ц1е. Яхъяев Лечина къаьсттина чIогIа тайра и цIе, иштта массарна а.
«Баттахь цкъа телепередача хуьлура. Кусаев Iадиза оцу хенахь деш хилла долу накъосталла мах хадийна вера воцуш дара. ГIарабевлла бевза яздархой, поэташ богIура тхуна тIе. Джанаралиев Iимран, Бисултанов Апти, дуккха а бара «Пхьармата» юкъахь кхолларалла кхиийна дешан говзанчаш. Музаев Нурди вара тхан дика доттагI, иштта Арсанукаев Шайхи. ЦIе яккха дага ца богIурш а бу дуккха а», – иштта дагалоьцура Ахмадов Мусас шайн къоначу шерийн ирсе мур.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш волчу Дадуев Мохьмадна дагадеара комсомоло а, Яздархойн союзо а бертахь дина гIуллакхаш.
«1976-чу шарахь Бадуев СаьIидан цIарах литературин конкурс йира кхолларалла езачарна юкъахь. Хьалхара тур районашкахь йира, юха – республикин т1ег1анехь. 7 шарахь д1аяьхьира иштта конкурсаш, толамхошна совгIаташ деш. Поэзин, прозин жанрашкахь керла ц1ерш евзара нахана. Шайн похIма кхио некъ бара иза царна. Вайн Республикин Куьйгалхо нохчийн мотт бийца, иза безаш хила, литература кхиае бохуш, кхайкхамаш беш а ву. Керла ц1ерш йовзийта новкъа хIун ду? Иза замано гойтур ду», – элира Мохьмада.
«Пхьармат» санна цхьаьнакхетаралла ца хилча ца йолу. Иза кеста хир яц, амма хир ю аьлла тешна ву со», – элира Бексултанов Мусас. «Пхьармат» кхоьллина 40 шо кхечи. Иза йоцуш ю дукха хенахь дуьйна. Тахана хIара ю аьлла цхьа а организаци яц республикехь литератураезархой цхьаьнатухуш.
Амма вайн дахар, вайн тахане, селхане гойтуш, иза шен диканашца я кхачамбацаршца гойтуш, шовкъ-марзо йолчу кегийрхойн цхьаьнакхетаралла вовшахкхетта, болх беш ю аьлла хезийла, гойла лаьара.
«Пхьармате» некъаш идийначарех дукха яздархой, дика кIентий бакъдуьнене бирзина, боцуш бу. Церан дог лезна шайн махках, маттах. Ишттачарна юкъахь кхуьу «халкъан илланчаш».
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо