Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан 95 шо кхачар даздаран хьолехь билгалдаьккхира хIокху деношкахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Нагаев Iадлана, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Абдулаев Iелас, иштта, кхечара а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс университетан юбилейна лерина даийтина декъалдаран кехат дийшира ректора Таймасханов Хьасана. Цул тIаьхьа, университетан балхах а, цигахь доьшучу студентийн кхиамех а лаьцна дуьйцуш, доклад йира цо.
«Тахана 95 шо кхаьчна хIокху университетан. Вайн республикин Куьйгалхочо гIодар бахьана долуш, мехкадаьттан университет Iилманан бакъболу кхерч хилла дIахIоьттина. Дешаран керла корпусаш йина. Кхузахь кхочушйо инновацин тайп-тайпана проекташ. Iилма Iаморехь денна а кхуьуш, Iилманан конференцешкахь толаман меттигаш йохуш бу кхузара студенташ. Оха царах дозалла до», – элира Хь.Таймасхановс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн Указца «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца совгIаташ дира университетан цхьамогIа белхахошна. Нохчийн Республикин Парламентан цIарах мехкадаьттан университетан коллектив декъал а еш, вистхилира Абдулаев Iела:
«Нохчийн Парламентан председателан а, депутатийн корпусан а цIарах шу даггара декъалдан лаьа суна. Аш мехкадаьттан хьаьрмахь болх бан говзанчаш кечбо. Аш дийриг доккха гIуллакх ду, Iилманан декъехь кхузарчу студенташа бохуш болу кхиамаш – вайн махкана юьхькIам бу», – элира цо.
Дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а, лаккхарчу тIегIанехь хьехархочун корматалла хиларна а Парламентан цIарах университетан шовзткъа сов хьехархочуннна баркаллин кехаташ дIаделира I.Абдулаевс.
Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а хьакъволу гIуллакххо» цIе елира Таймасханов Хьасанна. Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, нохчийн эстрадин артисташа концертни программа гайтира.
З.КУНТАЕВА
Авторан сурт
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо