Дахаран зераш, я берах къастор

Хаза а, оьзда а йоI яра Фатима. (Цуьнан адамалла ца йовзийтар гIиллакхехь лерина оха. Цунах вай лахахь къастор ду). Лекха, дуткъа дегI, еха  хьаьрса  месаш, лил тоьхча  санна, сийна бIаьргаш… Дикачу  поэта  говза васт  кхоьллинчу  лирически  турпалхочун санна исбаьхьа  дара  цуьнан аматаш.1357708172_648629_15

Амал а яра йоьIан дика. Иза кIеда-мерза, къинхетаме, комаьрша яра массаьрца. Фатимин 5-6 шо  бен  дацара  цуьнан да-нана   дIасакъаьсташ. Нанас дена  йина  цхьа йиша йоцург, иштта нанойх  къаьстина, дена  бина  кхин а ши доьзал бара. 6 йоI, цхьа кIант дара уьш. Ваша  уггаре а  жима вара. Дейишех  нана а хилла, баха  хевшира  уьш.

Да бусалба Iилманна тIевирзира. Къуръан шера деша, цу  тIехь долчун маьIна дан  Iемира. Бакъду, 1990-чу шерашкахь  Нохчийчохь тIом  балале, шен Къуръан, жайнаш тIоьрмиг чу а дехкина, бераш  тIаьхьа а делхош,  иза дIавахара…

Шераш дIаоьхура. Дейишас бераш дика  кхиийра. ГIиллакх, оьздангалла, комаьршалла дара  царна  уггаре а  хьалха Iамийнарг. Хьалакхиъна а бовлале мехкарех нехан несарий хьулура. Иштта Фатимин дахар а хийцаделира цуьнан 18 шо кхаьчча. Шелковски станицера кIант вевзира цунна. И шиъ цхьаьнакхийтира. Шен ирсах йоккхайийна ца йолура Фатима. 3 кIант хилира цуьнан. Могаш-маьрша Дала шайна уьш баларна доккхадера да-нана, бакхий сатийсамаш бузура  церан ирсечу кханенца. Бакъду, хьедала лууш  ца хиллера Фатимин  доьзале  деанчу ирсана. Де-дийне мел  долу цIийнден, шен а юкъаметтигаш шеллуш хетара. ЦIийнда хьалхалерниг вацара. Фатима дIаяхийта  бахьанаш лоьхура цо, девнаш дохура. Эххар а цIийндас шена  хьо ца оьшу, ша зуда яло воллу элира.

Шена тIеяло кечйина зуда  схьаялаяле Фатима цIа яхара. Бераш дIа ца дигийтира цуьнга.

Шена бина тешнабехк чIогIа базбеллера  цунна. Ша  хIун  дийр ду, хьаьнга  орца доьхур ду  ца  хаьара. Дог  дассо цхьа а  вацара. Йижарий  шайн доьзалшца дозанал арахьа  бехаш бара. Шегара  бала буьйцуш дейишин дог дохо а ца лаьара. Нуьцкъаллин  структурашкахь  болх беш хилла  волу  дейишин кIант  вийна  дукха  хан  яцара.

Балех, сингаттамах буьзна кийра  оьккхуш лаьттара. ТIаккха йолаелира иза ша  шега шен  бала бийца,  кийра бассо.

ЦIеннатIехьа а юьйлуш, ша шега  хабар дуьйцуш хааелира дейишина Фатима. Хиллачу  цIийндега бехк боккхуш лучу  хаттаршна  кIоршаме жоьпаш хезара. ТIаккха Фатима мохь  тухуш йоьлхура. Цул  тIаьхьа  йоьлхура, доггаха, чIоггIа… Дуьненна а шегахь  болу бала бовзийта гIертара  иза. Дерриге а адам шена орцах кхойкхура цо. Амма, цIенна тIехьара уьйтIа ма–еллинехь, хьалхалера есалла  дIахIуттура,  шен балица  ша  юьсура  иза.

Цхьана дийнахь бешахь ша шега  къамел дина, йилхина, кийра а бассийна, схьаеъначу тIаьхьа, къамел дира цо шен дейишица. Нийсо, къинхетам, безам, марзо  яра юьйцуш ерг. Уггаре а чIогIа хьехабора байна тешам. Цо кест-кестта хоттура: «Вай нохчий дац? Вайн бусалбалла мича  яхана? Суна  бераш хIунда  ца гойту, соьгара  хIун даьлла?

Дейиша цуьнан  сатедан гIертара. Амма Фатимин ойла хьаьвззий цига, шен бераш  долчу  дIайоьдура.

Ткъа доьзал-м кхунна гойтуш бацара. Цомгаш хиллачу ненах кIентий хербар гIоле ду, бохура марзахоша. Цара ойла  ца йора, шаьш латош дерг мел доккха къа хиларан.

Цхьа а бехк боцуш йохийначу  жимачу  зудчух кхетта лазар де-дийне  мел долу  чIагIлуш дара. дешначу  нахана тIе  йигча цара  лоьрийн дарба оьшу элира. Ша шега  деш долу  къамелаш а, оьгIазло а совяьллера  Фатимехь. ЦIийндена оьгIаз эхар дицдеш дара  берашна  гатдеш долу са. Ца лалора цуьнга и сингаттам, тIаккха  иза  карзахюьйлура. Хьаьстича, мохь  тухуш, йоьлхура,  човхийча – чугIертара.

ТIаккха йигира Фатима СемаIашкарчу психиатрин больнице.

Ша саннарш карийра  жимачу  зудчунна  цигахь: тайп-тайпана баланаш, сингаттамаш тIехIиттинарш,  уьш лан ницкъ ца тоьънарш.

Больнице кхаьчначу  дийнахь  Фатимина  «шизофрения» диагноз хIоттийра. Дарба а долийра. Психиатрин учрежденин  лор Эльжуркаева Лида яра  жимачу зудчунна  дарба лаха  дезаш ерг. Мехий а, молханаш а яздале, дархочуьнца  цхьана  сохьтехь гергга  къамел дира цо. Психологин а, психиатрин  а агIонех  пайдаоьцура  цо  диагноз  хIоттош, лазар гучудаларан бахьана  лохура, иза мел кIаргделла а толлура. Оцу дерригено психотерапевтана  гIо  дора  нийса  дарба лаха.

Шен Фатимица долу  къамел чекхдаьлча, Эльжуркаевас билгалдяьккхира цомгушчу зудчун гIоле  хинйолу хан. Буьйцуш берг 2 бутт бара. Цул тIаьхьа цIа а  йигна, дарба цIахь лело мегар ду, элира цо.

ХIинцца бен  ткъе итт шаре яьлла  йоцу  жима зуда, кхаа кIентан нана больницехь йитина  схьадогIура  ваший, дейиший. Шиннан а кийра  морцуш бара, вешин  кIентан иштта  а доьхна дог, кхин тIе а  цадохо гIерташ, дейишас бIаьрхиш лечкъадора. Фатимел иттех шо жима  волу  ваша балехь вара.

Фатимех лаьцна къамел дира оха больницин психиатраца Эльжуркаева Лидица: «Цуьнца  къамеле йоллушшехь хIоттийра ас  цунна диагноз. Фатимина чIогIа халахетар хилла, иза  ехха  Iийна  депрессехь. Нохчаша «сингаттам  богIу» олу  ишттачу лазарх. Сиротонин, олуш йолу  хазахетаран гормон организмехь тоьъуш ца хилча, чIогIа  вон хьал хуьлу  адамехь. Цу хьолера стаг ша ца  валало. Лоьрийн дарба  оьшу. Дарба ца деш  и лазар  дитича, хIинца Фатимина  хилларг хуьлу. Цул сов, цуьнан  дахаран некъ теллича гуш ду нанас а, цул  тIаьхьа  цIийндас а иза  дог  оьцуш  лелийна  ца хилар. Мелхо а, вуьшта а дуткъаделла хилла дог этIийна», — бохура лоьро.

Психиатро ма-аллара, 2 бутт баьлча  Фатима больницера  цIа  ялийра. ГIиллакх а, гIуллакх дара  цуьнгахь, амма бIаьргаш  чохь  хьалха  санна сингаттам бара. Цуьнца къамеле  довла хьаьвсира  тхо. Цо уггаре а  хьалха дуьйцуш  дерш шен бераш дара. Дарбан  курс  чекхъяллалц  Iаш ю ша  царна тIе ца кхочуш, элира цо. Иза чIогIа теша, шена гIоле  а хилла, шен берашца ша цхьаьна хирг хиларх.

Иттех шо ду Фатимин дахарехь – ден цIа,  психиатрин больница а коьрта ши хIусам  хилла дIахIоьттина. Шина  баттахь  больницехь  динчу дарбано  таро ло ах шо шен  цIахь даккха. Иштта  хуьлу  хIоразза а.

Цхьанна а ца хаьа дуьнен чохь  шега  хIун  догIур ду. Бакъду, уггаре а лекхачу лаьмнашна тIе  догIу  догIа,  ло, ша  туху. Иштта адамашца  а хир ду-кх Дала шена  дукхавезначух туху  олу  хала лазар.  Царна  юкъахь  хилла  хир ю-кх шен кхаа  кIантах хьоьгуш  йолу  Шина  Суьйра  юккъера  жима зуда Фатима а.

Б.ДУДАЕВА

 №117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: