ХIорамма а дахарехь шен даго къобалъеш йолу корматалла хоржу. Мел хала хилча а, ша хаьржинчу балха тIехь хуьлу халонаш башха хьесапе ца оьцу, гIелвалар а дицдо.
Кхача, кхерч, цIе – царна гуонаха гулло хIора а доьзал. Адамаша вовшех марзо оьцу хан ю кхача буу хан. И марзо кхерчахь латтош ерг хIусамнана ю.
Юкъараллехь кхачанхочун корматалла муьлхха а кхин корматалла санна оьшуш ю. Балхахь волчу хIора а стеган делкъе ян йиш хир яцара, кафехь, ресторанехь, столовехь бовха кхача кечбан стаг ца хилча. Цул сов, бусалба динехь а деза дуьйца меца стаг вузор. Иштта, адамашна оьшу болх бечарех цхьаъ ю Вараева Луиза.
СоьлжагIалахошна массарна а аьлча санна, евзачу «Суши-Хаус» ресторанехь кхачанхочун болх беш ю Луиза. Цу ресторанехь цо болх бен 1 шо сов хан бен яцахь а, кхачанхочун болх бен 16 шо ду.
Луизина кхача кечбан дезар а, цо и корматалла харжар а ларамаза дац. Цуьнан нана Эсила а хилла и говзалла йолуш. Грозненски районерчу Долинск юьртарчу газах гIуллакхдечу заводехь кхачанхочун болх беш хилла иза. Цо даима а Луиза шена гIодан юьгуш хилла. ХIетахь дуьйна кхача кечбаран гIуллакх дукхадезаделла йоI, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1979-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №6 йолчу профтехучилище деша йоьду, цигахь караерзайо кхачанхочун корматалла.
Астраханан областан Володаровски районерчу № 6 йолчу столовехь а, Красноярскехь а, Нохчийчохь а белхаш бина Луизас. «Суши-Хаусехь» японийн а, нохчийн а кхача кечбо. Цундела, японхойн кхача кечбарехь говзалла мелла а лакхаяккха дийзира цуьнан.
– Кхачанан чам мерза хилийта, иза доггаха кечбина хила беза. Муьлхха а кхача рецепташца нисбина ца Iаш, леррина, чам тобеш кечбан беза. Нехан нус хила дезаш ду массо а зудабер. Соьга хаьттича, массо а йо1 кхача кечбан а, бедарш тега а Iамочу курсашка деша йохуьйтур яра ас. Дахарехь оьшуш, мехала гIуллакх ду иза, къаьсттина нохчийн зудчунна, – бохура цо.
САГАЕВА Залина
Суьрта тIехь: Вараева Луиза
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо