ДIадаханчу 2013-чу шарахь Чинехь (Китай) машенаш йохкар 13,9 процентана алсамдаьлла. Делахь-хIета чинахой вилспеташ тIера машенаш тIе хийша буьйлабелла.
***
Шемарчу Хама провинцехь эккхийтар дина. Оцу бохамехь 18 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а шозза дукха бу.
***
Японерчу химзаводехь эккхар хилар бахьанехь пхи стаг кхелхина, цхьайтта стаг лазийна.
***
Иракан коьртачу шахьарахь – Багдадехь юха а теракт йина. Цигахь лаххара а 20 стаг кхелхина, 40 стаг гергга лазийна. Кхелхинчарах дукхахберш эскархой бу.
***
США-хь цкъа а ца хиллачу кепара шелонаш хIиттина. Шелонна лаххара а 20 стаг кхелхина, гIорийна ур-аттал Неогарски чухчари а.
***
Пакистанехь полицин виъ белхахо вийна, царна юкъахь ву талибанашна дуьхьал луьра къийсам дIабахьарца билгалваьлла хилла полицин цхьана отделан хьаькам.
***
Великобританехь хиш дистина. Цигарчу кхо бIе гергга юьрта хи хьадарна кхерам бу.
***
Тунисан премьер-министра дехар яздина ша отставке яхийтар доьхуш.
***
Мисарахь хиллачу некъан-транспортан бохамехь Россера цхьа турист кхелхина, итт лазийна.
***
Россин Президента В.Путина Иранан Президентаца телефонехула къамел дира. Цара дийцира ядерни проблематиках лаьцна.
***
ДIадаханчу 2013-чу шарахь Россехь инфляцин барам 6,5 проценте кхечира.
***
Ставрополан крайхь ялх таксист верца доьзна шина районехь контртеррористически операцин раж юкъаялийна.
***
Сочехь дIахьон долчу Олимпийски ловзарийн цIеран хаьштиган эстафета кху деношкахь Нижни Новгородехь дIахьош ю. Эстафетехь дакъалоцуш ву лаххара а 420 стаг.
