Мискачу стагана гIодар бусалба динехь деза лерина ду. Хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду мискачарна сагIа далар. Делера ял а, адамашкара баркалла а хир долу гIуллакх ду иза. Буоберана гIодаран мах хада а лур бац.
Вайн республикехь ю мискачу нахана а, буоберашна а гIодар шен коьрта Iалашо а лаьцна болх беш йолу «Хайра» цхьаьнакхетаралла. 2013-гIа шо долалучу хенахь вовшахтоьхна мискачу нахана гIодарна лерина йолу «Хайра». Доьзал халла хене боккхуш, хала бохкучу доьзалшна накъосталла деш схьайогIуш ю и цхьаьнакхетаралла хIокху масех шарахь.
Духар хуьлийла иза, даар я тайп-тайпана (чохь оьшуш йолу) техника, гIишлош ярехь оьшуш болу гIирс гIо оьшучарна дIакхачорехь юкъаралла до цхьаьнакхетаралло.
«Хайра» цхьаьнакхетараллин директора Ахмадов Минкаила хаийтира, гIо оьшучарна накъосталла дарехь шаьш тайп-тайпана проекташ кхочушъеш хилар. Царна юкъара цхьа проект билгалъяккха лаьа. Оцу проектан гурашкахь буоберийн самукъадаккхархьама, уьш кест-кеста садаIаран-самукъадаккхаран Гранд-парке а, аквапарке а, иштта, кхийолчу меттигашка а буьгу.
Мискачу нахана, буоберашна гIо дина ца Iа «Хайра». ЗаьIапхойн дахарехь къаьсттина доккха дакъа лоцу цо. Хьал долчара «Хайра» цхьаьнакхетаралле схьалуш йолу заьIапхойн гIудалкхаш, Iасанаш хьашт долчу заьIапхошна дIакхачайо. Царна царах гIо хуьлу. Иштта, духарца гIо дина ца Iаш, тайп-тайпанчу кхачанан сурсаташца (дама, шекар, картол) а гIо до «Хайрас».
Хууш ма-хиллара, цомгашчу стагана ахчанца кIезиг динчух а доккха гIо хуьлу. Иштта, адам цомгаш хилла меттиг нисъелча, цунна ахча гулдар вовшахтуху оцу цхьаьнакхетаралло. Кертахь я чохь цIе яьлла, нахана бохамаш хилла меттигаш хилча, царна накъосталла дан вуно сиха хьаьвза «Хайра».
Карарчу хенахь «Хайрин» мискачу нахана гIодаран масех пункт ю. Уьш ю: Гуьмсехь, АтагIахь, Хьалха-МартантIехь, Гихтахь, Iалхан-юьртахь. Ледара хьал долчарна гIоьнна духар, кхиерг чукхосса лерина гIутакхаш ду цигахь.
Директора дийцарехь, мискачу нахана гIодарехь шаьш беш болу болх кхин а жигара баккха дагахь бу уьш.
«Оха тайп-тайпана гIуллакхаш дIахьо. Масала, дукха хан йоццуш оха дIадаьхьначу «Вайн бераш» гIуллакхехь тхан аьтто хилира 60 буоберан самукъадаккха. Ахча чу дилла хIиттийначу гIутакхаш чохь ахча а, рицкъа а дитарца хIораммо а дакъалоцу цуьнга хьашт долчу доьзалшна гIодарехь. Мискачу нахана гIодарехь дакъалоцуш берш алсамбовлийла лаьара тхуна тIейогIучу хенахь. Тхо тешна ду иза иштта хирг хиларх», – бохура «Хайра» цхьаьнакхетараллин директора.
З.ЛОРСАНОВА
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо