Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош болу компьютеран программийн нохчийн маттана локализаци яран белхаш кхин дIабахьа йиш йолуш бац, нохчийн орфографин а, грамматикин а цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттан Iилманчаша, яздархоша, журналисташа Iилманийн Академехь семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран а, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу зорбанан кхечу изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина ду.
Амма цкъачунна цу хаттаршна кхоччуш жоьпаш карийна дац. Iилманийн Академин пайдехьчу семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтохаран болх дIаболийна. И гулар компьютера тIехь нохчийн меттан орфографи толлуш йолу программа ян оьшуш ю. Оцу отделерчу белхахойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн филологехь цкъачунна, оцу декъехь, къастоза дуккха а хаттарш ду.
И проблемаш йийцаре ярхьама, Iилманийн Академин куьйгалхоша сацам бинера хIора баттахь пайдехьчу семиотикин отделан , меттан а, литературин а отделан цхьаьна семинараш дIаяхьа.
Хьалхара семинар 2015-чу шеран апрелан 9-чу дийнахь хилира. Семинарехь дакъалоцуш бара Iилманийн Академин вице-президент, физикин-математикин Iилманийн доктор Р.Х. Дадашев, меттан Iилманчаш, филологин Iилманийн докторш В.Д. Тимаев, М.Р. Овхадов, М.Х. Халидов, филологин Iилманийн кандидаташ А.Д. Вагапов, меттан а, литературин а отделан куьйгалхо Н.Н. Альбеков, лакхахь билгалйинчу Экспертийн Советан секретарь, журналист Х.Б. Юнусов, физикин-математикин Iилманийн кандидат, пайдехьчу семиотикин отделан куьйгалхо С.М. Умархаджиев, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин кхиболу белхахой.
Дуьххьарлера семинар дIаяьхьира профессора Р.Х. Дадашевс. Доклад йинарг пайдехьчу семиотикин отделан Iилманан белхахо Бадаева Iайшат яра. Цуьнан «Нохчийн меттан орфографин цхьадолу хаттарш» цIе йолу доклад, коьрта долчунна, нийсаяздаран хьокъехь долчу хаттаршна лерина яра. Дийцаре дан леринчу хаттаршна юкъахь дара, масала, юьхьанцарчу кепан орамехь ов дифтонг йолу дешнийн кепашца хийцадаларан бакъонаш (довза, хьовса, ков), цхьадолу хандешнийн нийсаяздаран бакъонаш, цхьа хIума билгалден масех лард цхьаьна я къаьстина яздар.
ХIора хаттарна жоп дийцаре дира семинаран дакъалацархоша. Iилманчаша шайна хетачун Iилманан бух балабора, цул тIаьхьа уьш, гуттар а бохург санна, массо а цхьана кепа тIехь совцура.
Суна хетарехь, ишттачу семинарах чIогIа боккха пайда баьлла, нохчийн орфографин дуккха а хаттарийн цхьа йист а йоккхуш. Масала, ов юкъахь долу хийцалуш йолчу лардех дуьйцуш, В.Д. Тимаевс билгалдаьккхира, фонетикин башхаллашка диллича ([ов], –и аффикс хилча, кIад а делла, [оьв] дифтонге дерза дезаш ду) нийса хета кеп тIелаьцча бакъахьа хилар. Кхиболу Iилманчаш цунна тIе тайра. Цу семинарашкахь къаьсттина дийцаре дина цхьадолу терахьдешнаш нийсаяздар а. Амма тIаьххьара церан сацам хилла, А.Г. Мациевс шен словара тIехь ялийначу кепаш тIехь совца. Иштта йийцаре йина цхьайолу латтаман кепаш, схьадевллачу хандешнийн аффиксаш, нийсадоцу хандешнийн тайп-тайпана кепаш нийсаязъяран проблемаш а.
(пайдаэцна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин архивах)
И.ХАСАХАНОВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо