Кунта-Хьаьжа дуьнен чу веана 1830-чу шарахь, Иласхан-Юьртахь дехаш хиллачу Кишин а, Хедин а доьзалехь.
Халкъалахь Кишин Хьаьжа, Мубарик-Хьаьжа олий йоккху цуьнан цIе.
Кунта-Хьаьжа къурайшийн тайпанах хьашимин цIийнах ву. Вайна девзина долу цуьнан сил-сил иштта ду: Iабдул-МутIалиб, Абу-ТIалиб, Iела, Хьусайн, Хьусайнан тIаьхьенах – Тавхьид, ГIирма, Амади, Имади, Акъал, Шовхал, Киши.
Бераллехь дуьйна нах инзарбохуш, хьекъале, Iаламехь хуьлучу хиламийн маьIнаш даха хууш хилла Кунта. Дукха хьолахь ша цхьаъ хуьлуш хилла иза.
Адамаш доцчу волий, дукха ойланаш еш хилла цо, дуьненан а, Iаламан а, динан а къайленаш йовза лууш, хуьлуш долчун духе кхиа гIерташ, шена хьалха чолхе хаттарш хIиттош, царна жоьпаш лоьхуш.
Жима стаг волуш а Кунта-Хьаьжа кхечарна юкъахь къаьсташ хилла ийман чIогIа хиларца, хьекъал ира хиларца, хьикмат хиларца. Муьлххачу а адамца бийца мотт карош хилла цунна. Цуьнга ладогIа а, цунах дагабовла а баккхий нах хилла цунна тIеоьхуш, цуьнца къамеле буьйлуш.
Шен 18-19 шо долуш ХьаьжцIа воьду иза. Диъ шо гергга хан йоккху цигахь. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу а, ваьхначу а меттигашкахула леларо цуьнан дерриге а дахарна, кхетамна боккха Iаткъам бо.
Оцу езачу меттигашкара цIа веанчул тIаьхьа къадарийн тIарикъат дIакхайкхо, адамашна, халкъашна юкъахь бусалба дин даржо волало Кунта-Хьаьжа.
Цуьнан мурдаш хуьлу тIаьхьа Нохчийчохь хьовха ерриге а Къилбаседа Кавказехь бевзаш Iеламнах а, эвлаяаш а хилла болу нах. Царах ву Эвтарара Бамат-Гири-Хьаьжа (Iовда), Мелчухера МаIа, МахкатIера Юсуп-Хьаьжа, Iалхан-Юьртара Iабдус-Салам-Молла, Гихтара Коьрнакъ-Хьаьжа, ГIоьрдалара Асандар, Iаьндара (Дагестан) Iумар-Хьаьжа, кхиберш.
Собаре, къинхетаме, хилла ца Iаш, дуьненан рицкъанах, бахамах, даржах Iехалур волуш стаг вацара Кишин Мубарик-Хьаьжа. Леларца а, духарца а мискачу нахах къаьсташ вацара иза. Шен куьйгашца даьккхина рицкъ бен дууш вацара. ТIеюхучу бедарца беркъа, юучунна-молучунна юхаозавелла, вижар-гIаттар, буьйса тIееъанчохь долуш вара.
Шен дерриге а дахар адамаш иймане, бусалба дине кхайкхарна дIаделла волчу цо боккха тидам тIебохуьйтура адамийн дегнаш цIандарна, хьагI-гамо юккъера дIаяккхарна, хьанал къахьегар марздарна, вовшашца йолу юкъаметтигаш тоярна, адамаш АллахIан нийсачу некъа тIе хIитторна.
Хьаьжас бохург къобалдеш, эзарнаш бусалбанаш тIаьхьа хIиттира цунна Нохчийчохь а, Дагестанехь а.
Шемале шен эскарца шозза-кхузза вахча а тIамца, ницкъаца бусалба дине ца берзабелла болу гIалгIай, цхьа топ ца кхуссуш, бусалба дине балийра Кишин-Хьаьжас.
Бусалба динан хазалла, хьаналла, нийсалла йовзийтира цо гIалгIашна. ТIаккха ГIалгIайчохь бусалба дин даржа доладелира.
Халкъан, бусалбанийн хьашташца, гIайгIанашца, сатийсамашца вехара Iаламан устаз шех олуш волу Кунта-Хьаьжа. Хаддаза бечу тIемашкахь нохчийн хIу довш лаьттара.
Паччахьан эскарш тIеттIа чIагIлуш, таронашца совдуьйлуш дара. Оцу хьолехь хьекъале дацара герзашца къийсадалар.
ТIемаш барх нохчийн халкъ маршоне кхочийла дацара. Цунах кхетадора цо халкъ.
МаслаIатан бакъволу да вара иза. Вовшийн лерам беш хила, мостагIалла ма леладе, чIираш йита, бертахь даха, Далла гIуллакхде, нийсонна, бакъонна тIегIерта бохуш, хьехамаш бора Кунта-Хьаьжас.
Цо магош дацара кхечу динехь болу, кхечу къомах болу нах емалбар, аьшнашбар, сийсазбар. Кхечу вирдашкахь болчаьрца кIеда-мерза хила, цаьрца хьагI ма лелае, гIийбаташ ма де бохуш, хьехамаш бора цо массанхьа а.
Даима а тIеман кIуьрлахь яьллина Нохчийчоь а, Дагестан а, кхидолу мехкаш а цуьнга ладегIа дуьйлира.
Кунта-Хьаьжина гонаха дуккха а адамаш гулделлера, халкъалахь боккхачу сий-лараме кхаьчнера иза. Халкъан верас хилла дIахIоьттинера. Нохчийн махкахь бусалба цIена дин, нохчийн гIиллакхаш леладайта, дайн Iадаташ лардайта гIертара иза.
Шен некъа тIера юхавер волуш а вацара Кунта-Хьаьжа дуьненан хьал-бахамах Iехавелла. И тоьаш дара паччахьан Iедална, цуьнан хьадалчашна цунах «политикин зуламхо» вина, лаца а лаьцна, Сибрех дIахьажо. Дукха хан ялале цара и дан а дира.
1864-чу шеран 3-чу январехь паччахьан Iедалан хьадалчаша лоцу Мубарик-Хьаьжа а, цуьнан воккхах волу ваша Мовсар а, цхьамогIа цуьнан мурдаш а. Царна юкъахь хуьлу Коврнакъ-Хьаьжа, Iабдус Салам-Молла.
Набахтехь царах дIакхета Кадыров Илес – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дедедеда (воьалгIа да).
Илес набахтехь кхелха. Кунта-Хьаьжас а, Мовсара а лийча а вой, докъа ламаз а дой, бусалбанийн кешнашка дIавуллу иза, бусалбанийн Iадатехь.
Хьаьжица дика юкъаметтиг йолуш бара набахтера надзирательш. Цуьнан дехарца цара уьстагI ийцира.
Урс а хьаькхна, Хьаьжас сагIийна дIасабекъийтира устагI. Набахтера цIавирзинчул тIаьхьа, цунах лаьцна Коврнакъ-Хьаьжас дийцина Илесан кIанте Iабдул-Къедаре, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дедега.
Иштта, 1864-чу шеран март беттан 2-чу дийнахь тIеоьцу Кунта-Хьаьжа гуттаренна а хан яккха Новгородски губернерчу Устюжина гIала дIахьажоран хьокъехь болу сацам. Цунах къаставой, Выборгске дIавохуьйту цуьнан ваша Мовсар. Iабдус-Салам-Молла а, Ковранакъ а, кхиберш а дIакъастабо шайн устазах.
1867-чу шарахь Кишин Кунта-Хьаьжа набахтера къайла волу (Дала къайле тойойла цуьнан), набахтин хьаькамашна цунах хилларг, иза мича вахана ца хууш. Мубарик-Хьаьжин беркат тахана а хьерчаш ду Нохчийчоьнах.
ХIара къамел дерзош дагадаийта лаьа цуьнан хьокъехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла дешнаш: «Йист йоцу хIорд санна шуьйра а, бух боцу гIу санна кIорга а ду Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин дахар а, Iилма а».
С.ХАМЗАТОВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо