ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертни залехь Iаьрбичун Усама ас-Саййид Махьмуд аль-Азхарийн «ЦIена бакъдерг» («Ясная истина») книга йовзийтар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула волчу хьехамчас, пачхьалкхан «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахьа, нашидаш олуш волчу Мустафас. Книга йовзийтар вовшахтоьхнера «Некъ» телерадиокомпанис.
«ЦIена бакъдерг» книгин мах хадош, цунах дош олуш вистхилира Шахидов Адам: «Тахана вайн Нохчийчу беркате хьаша Усама ас-Саййид Махьмуд аль-Азхарий кхачарх боккха кхаъ хилла вайна. Цуьнан книга йовзийтар кхузахь дIадахьар а мехала ду. Мисарара веана ву иза. Дуьненахь гIараваьлла вевзаш, лоруш Iеламстаг ву. Экстремистски боламаша даржийначу харц хIуманашна дуьхьало еш язйина ю цо и книга. Мах хадийна ца валлал мехала гIуллакх ду иза арахецар. Вай массара а цунах пайдаэца беза», – элира цо. Ша вистхуьлуш книгин автора хаийтира, Нохчийчу кхачарх шен самукъадаьлла хилар. «Уггаре а хьалха суна ала лаьа, вай тахана кхузахь вовшахкхетарх суна доккха хазахетар хилла хилар. Массо а бусалба стагана халахетта, бусалба динах харц долу хIуманаш экстремистски боламаша юкъадаьхна хилар. И харц къамелаш даржош берш хьуьжаршкахь дешна а бац. Цара шайгара юкъабаьхна динах лаьцна нийса боцу кхетамаш, ойланаш. Цул сов, бусалба нах керста а лерина, царна дуьхьал герз айдина цара. Цунах цара джихад олу. Экстремистски боламна хьалха бевллачу нехан ойла йира ас (церан цIерш ехира цо). 7 бух балийра ас цара дечу къамелийн, юха и дерриге а теллира. Иштта, бусалба динах йолу церан харц ойланаш йохош язйира ас книга», – бохура цо. «Аганара дуьйна лахьте кхаччалц Iилма лаха аьлла ду. «ЦIена бакъдерг» книги тIехь дуккха а къахьегна хилар гуш ду, тIаккха вай муха оьцур бац цунах пайда?! Усама ас-Саййид Махьмуд аль-Азхарийс бинарг боккха болх бу. Дала диканца бекхам бойла цунна. Лаьа, ХIижратан 1437-гIа шо ийманехь, беркате хуьлийла», – элира муфтис С.Межиевс. Хаза беркате еана суьйре ерзош, Мустафас нашидаш элира.
З.ХАСИЕВА
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо