ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски районерчу №37 йолчу юкъарадешаран школин лакхарчу классийн дешархошца. Иза вовшахтоьхнера Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан тIедилларца. Цигахь дийцаре дира карарчу хенахь дуьненна а лазам хилла лаьттачу экстремизмах а, терроризмах а доьзна долу хьал. Ш.Жамалдаевс дийцира дуьненаюкъарчу терроризман дуьхьал къийсам д1абахьарехь тахана долуш долчу хьолах лаьцна. Ма-барра мах хадийра оцо дохьуш долчу зуламан. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира ИГИЛ-н тоба зуламе некъ юьхьарлаьцна, бехк-гуьнахь доцу маьрша нах хIаллакбеш, Делан мостагIий хилар.
– Исламан пачхьалкх кхуллуш ду шаьш бохуш, вайн а, кхечу къаьмнийн а кегийрхой Iеха а беш, шайтIанийн лаамшца лелаш нах бу уьш. Бусалба дин довззане а ца девза царна. Iамарко гIо а деш, питанаш, зуламаш даржош лелаш бу уьш. Iаьрбийн мотт хаар аьлла, цхьаннах Iехадала а мегар дац, – бохура цо.
Цхьаьнакхетарехь иштта къамел дира Старопромысловски районан префекта Истамулов Зеламхас а, къедас Межидов Ислама а.
З.Истамуловс кхиазхошка школехь дика деша элира, муьлш бу а, мичара бу а ца хуучу нахах Iехадаларх лар а луш. Ткъа И.Межидовс гIазот бохучу дешан маьIна довзийтира дешархошна.
И.МАТАГОВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо