Лулахоша дуьйцу

Ленинград паргIатъяьккхина 70 шо кхачарна

 

НАЛЬЧИК. Физически культурехула, спортехула, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу гIалин урхаллин векалша дIаелира шаьш долчохь бехаш болчу Ленинград ларъярхошна а,  блокадехь хиллачу гIалин берашна а Санкт-Петербурган правительствос яийтина хилла «Фашистийн блокадех Ленинград паргIатъяьккхина 70 шо кхачаран сийнна» аьлла йолу дагалецаман билгалонаш. Иза йиллина Ленинградски областан губернатора Дрозденко Александра. Нальчикехь шийтта ветеранна елира и билгалонаш.

Дагадаийта деза: Россин исторехь Iаламат боккха бохам а, сийлахь-йоккха агIо а хилла дIахIоьттина Ленинградана йина блокада 1941-чу шеран 8-чу сентябрера дуьйна 1944-чу шеран 27-гIа январь чекхбаллалц лаьттина хилла хилар – лазаман а, баланан а 900 де. Тайп-тайпанчу хьостанаша чIагIдарехь, оцу муьрехь хIаллакьхилла 400 эзарна тIера 1,5 миллионе кхаччалц гIалин бахархой.

«Оцу къизачу денойх лаьцна болу дагалецам тахана а бехаш бу адамийн дегнашкахь», – билгалдаьккхира урхаллин говзанчас Канокова Анжелас.

 

РогIера йоцу кхеташо

 

МАЙКОП. Адыгей Республикин Пачхьалкхан Советан рогIера йоцу кхеташо хилира, цигахь дакъалоцуш Адыгейн Куьйгалхо Тхакушинов Аслан а, регионан кхиболу куьйгалхой а болуш. Дийцаре дира бюджетан процесс нисъяран гIуллакх. Россин бюджетан кодексехь хийцамаш барца доьзна министрийн кабинето йийцаре яйта юкъаялийнера цхьамогIа законопроекташ. Царах цхьамма билгалдора республикин бюджетан хьокъехь долчу законна хийцамаш бар.

Регионан финансийн министра Долев Довлетбийс хаам бира Россин бюджетан кодексана юкъа хийцамаш балорца доьзна 2016-чу шарна йолу республикин бюджет Пачхьалкхан Советана хьалха хIоттор шина кIиранна тIаьхьатоттуш хиларан хьокъехь. Иза доьзна ду бюджет кхаа шеран меттана  цхьана шарна тIеоьцуш хиларца а, экономикехь долу хьал тоъалчу барамехь кхачаме цахиларца а. Тахана республикин ерриге а бюджет 16,4 миллиард соьмах лаьтташ ю – билгалдина декхарш кхочушдан тIе ца тоьа 1 миллиард сом.

Проекташ йийцаре йинчул тIаьхьа хьокъала боллу сацамаш тIеийцира Пачхьалкхан Совето, уьш законан бакъоне а ерзош.

 

ХьошалгIахь – Испанин вевзаш волу архитектор

Снимок

МАХАЧКАЛА.  Дагестанан коьртачу шахьаран мэр цхьаьнакхийтира цига хьошалгIа веанчу Испанехь дика вевзаш волчу архитекторца Перес Арройо Сальвадорца. Дериге а дуьненахь гIараваьлла вевзаш архитектор ву иза. Цуьнан проекташа хазйо Мадрид, Рим, Лондон, Ханой санна йолу гIаланаш. Къаьсттина шуьйра евзаш ю телекоммуникацин Фаро-де-Монклоа бIов, шайн пачхьенехь йина ресторан. Дийцаре дира Дагестанан пачхьенехь гIишлошъяран проекташ цхьаьний кхочушъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Вовшех дагадовлуш хиллачу къамелехь архитектора билгалдаьккхира гIала дуккха а куьцаш долуш щатайпана шахьар хилар: кхузахь кIезиг ду  дукха гIаьтнаш долу цIенош, цуьнан архитектурин сибат талхадо  гIишлошъярехь къепе ларъеш цахиларо. Барт хилира, хьешо дакъа а лоцуш, и гIуллакхаш гIалин кхеташонехь дийцаре дан.

Мэрехь бечу хаамца, оцу кхеташонехь иштта билгалдехира тIейогIучу хенахь оцу декъехь цхьаьнагIуллакхаш даран коьрта некъаш. Ша аьлча, Перес Сальвадореса гIо дийр ду чохьIечу хIусамийн «Порт-Петровск» комплекс ярехь а, гIалин генеральни план кхочушъяран программица ян билгалдина архитектурин цхьамогIа кхийолу объекташ ярехь а.

 

Керла школа

 

МАГАС. ХIара шо чекхдалале ГIалгIайчоьнан Несарехь гIуллакх дан йолалур ю керла школа. Кхо гIат долуш ю иза, 320 берана меттигаш а йолуш.

Дешар а, садаIар а кхиамца дIадахьарна лерина дерриге а хьелаш кхоьллина хир ду цу чохь. Дешаран учрежденехь билгалйина музыкин а, спортан а залаш, компьютерийн классаш, лаборатореш, пхьалгIанаш, оьшуш болчу гIирсашца кхачойина йолу кабинеташ. Цул совнаха иштта билгалдеш ду юххехь долу лаьттан дакъош эцаран чоьтах школан керт-ков шоръяр а.

Дешаран керла учреждени ярна меттигерчу Iедало 160 миллион сом гергга ахча къастийна. Школана дIаелла хьалха регионан МВД-н хилла гIишло, аьлча а, шен хьалха хиллачу дена – берашна – юхаерзийна школин гIишло.

Республикин куьйгалло иштта билгалдина школина юххехь 200 меттигна лерина берийн беш яр а.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: