«Синмехаллаш» проектан – 5 шо

IMG_2788

Соьлжа-ГIалахь Пачхьалкхан театран-концертийн залехь «Синмехаллаш» проектан финал дIаяьхьира. Билгалдаккха деза, конкурс хIора шарахь дIахьош хилар а, кху шарахь иза юкъаяьккхина 5 шо кхаьчна хилар а.

2013-чу шеран коьртачу ловзаршкахь дакъалоцуш яра ТIехьа-Мартан, Курчалойн районийн а, Соьлжа-ГIаларчу культурин департаментан а тобанаш. Хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, иштта республикин ерриге ведомствийн, районийн, районийн культурин отделийн а куьйгалхой, кхиберш а.

Цхьаьнакхетар дІадолош чулацаме, кхетаме къамел  деш вистхилира  яздархо Берсанов Хожа-Ахьмад.

Финалан къийсадаларш еа номинацехь дIадаьхьира: халкъан илли алар, нохчийн шира гIиллакхаш гайтар, нохчийн хелхар дар, исбаьхьаллин произведени ешар. Бакъдолуш, хIора а тобано доккхачу похIмаллица, хIоранна а дагах кхеташ, чулацаме сурт гайтира сцени тIехь. Нохчийн шира гIиллакхаш гайтаран номинаци дакъалацархошна хилла ца Iаш, хьовсархошна а «хала» яра. Кегийрхойн дикачу ловзаро зала чохь бен ца хеташ цхьа а ца витира, хала дара бIаьргех хи далаза Iан. ХIора а тоба толамна хьакъ яра. Жюрин декъашхоша хIиттийначу баллашца (юкъахь йоккха башхалла йоцуш) кхоалгIа меттиг ТIехьа-Мартан районан тобанна, шолгIа меттиг Курчалойн районан тобанна кхачийра. Хьалхара меттиг Соьлжа-ГIалин культурин департаментан тобано яьккхира. Иштта, совгIаташца билгалъяьккхира 4-гIа меттиг а (Нажи-Юьртан район), 5-гIа меттиг а (Теркан район) яьккхина тобанаш. Толамхошна ахчанан а, дагалецаман а совгIаташ дира.

Толамхошна совгIаташ дIа а луш, конкурсехь дакъалаьцначу кегийрхошна доккха баркалла элира республикин Куьйгалхочо.

IMG_2507

«Синмехаллаш» проект дIахьочарна, жюрин декъашхошна цхьамогIа совгIаташ дира Р.Кадыровс. Кхетош-кхиоран мехаллаш яржорна А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу орден елира кху  конкурс дIахьочу Шамсудинов Эзар-Iелина. «Даймахкана гIуллакх дарна» мидалца билгалваьккхира Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Джамаев Iимран. «Къинхьегамехь билгалваларна» Сийлаллин билгалонца совгIат дира филологин Iилманийн кандидатана Джамбеков Овхьадна, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочунна Кагиров Доккина, Нохчийн Республикин халкъан артисткина Амаева Маржанна, Нохчийн Республикин культурин хьакйолчу белхахочунна Яндиева Хадижатна. Жюрин председатель волчу поэтана Цуруев Шарипна а, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочунна Тимиргираев Асламбекана а  «Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочун» цIе тиллира. Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директора Бачаев Iадлана «Синмехаллаш» проектан 5 шо кхачарца доьзна дагалецаман совгIат дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Берриге а дакъалацархой сцени тIе а бевлла, «Синмехаллаш» йиш локхуш,  ерзийра шеран проект.

А.МУСАЕВА

Авторан суьрташ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: