Кху деношкахь Россин Федерацин Президента В.Путина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс а террористашна дуьхьал д1ахьош долу г1уллакхаш шайна нийса а, мехала а хеташ хилар гойтуш вовшахтоьхна, «Иблисан пачхьалкхана дуьхьало яр» аьлла болчу кхайкхамца митинг дIаяьхьира кегийрхойн «Ахмат» болман декъашхоша Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанийн, хаамийн министра Умаров Джамбулата, кегийрхойн «Ахмат» боламан куратора Хаджимурадов Iийсас, кхечара.
– Бакъдолу Россин патриоташ а, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а тIаьхьахIиттина а, Р.Кадыровн командера а вай хиларна, дерриге а дуьненна а дIахоуьйту вай терроризмана дуьхьал хилар, – элира шен къамелехь Дж.Умаровс.
Иштта дийцира, ИГИЛ-н векалша кегийрхошна интернетехула Iаткъам беш хиларх а, царах ларвала везаш хиларх а лаьцна.
Дуккха а нах бара митинге гулбелла.
И ерзош, террористаш бахьана долуш гIело ловчу нахана а, бакъдуьнене бирзинчарна а доIа дира гулбеллачара.
Хь.АВХАДОВА
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо