«Деле доIа дар» книга экстремизман амал йолуш ларарна дуьхьал кечдина апелляцин арз Сахалински областан суьде дIаделла Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векала, хаам бира хьалха и книга экстремизман материал леринчу Къилба-Сахалинск гIалин суьдехь.
Цигахь иштта билгалдаьккхира шайга и тайпа масех арз кхаьчна хилар а, шайна юкъахь Россин муфтийн Кхеташонера, оцу книгина рецензи язйинчарах цхьаммо, прокуратуро яздинарш а долуш. Уьш дерриге а областан суьде дIаделла.
Нийса хир ду цуьнца доьзна жимма хьалхо хилларг дагадаийтича. ГIуллакх доллура кху шеран августехь, прокурора Билобровеца хьалха хIотторца, Къилбе-Сахалинск гIалин суьдан суьдхочо Перченкос бинчу сацамца шена юкъахь КъурIана тIера аяташ а долуш йолу «Деле доIа дар, Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш ларар.
ХIун бахьана дара хаамийн электронни гIирсаша цуьнца доьзна Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна сел боккха тидам тIебахийтар, сел чIогIа бала кхачарца иза дийцаре дан, иза емал дан гIортар?
ХIора бусалба стеган дагах кхетар болуш сацам бара иза, цунах дерг шалхе йоцуш дIа а хаийтира Исламан дуьненахь шен башхачу гIуллакхашца дика вевзаш волчу Р.Кадыровс. Сацам тIеэцначарна цо дагадоуьйтура дуьненахь цхьаъ ах миллиард болчу бусалбанаша Деле кхайкхар, шайн 1ибадат уггаре а хьалха «Аль-Фатихьа» дешарна тIера дIадолош хилар. Цундела суьдхочо а, прокурора а бинарг шайтIанан, питанчин болх хиларна тидам тIе а бахийтира. Массарал а хьалха Россин Генеральни прокуратурина а тIехь, хаамийн гIирсашна ца дезаделларг царах шайтIанаш алар дара. Кхузахь дагадаийтира бакъонан лехамашна тIегIерта дезаш хилар, цушинна бух боцуш харц цIерш тахка мегарг цахилар. Амма «дицдинера» дуьненарчу берриге а бусалба нехан дог-ойла цара йохийна хилар. Шега бехк баккхарца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийхира суьдхойн а, прокурорийн а даржашка шайтIанаш цахIиттор.
Цуьнан тIаьхье яра бакъволчу бусалба стага делла хьакъ доллу жоп. Къуръан экстремизман амал йолуш хиларан хьокъехь болу сацам тIеэцна суьдхо а, прокурор а шайтIанаш, питанчаш хиларх ша тешна хилар тIечIагIдира цо. ХIунда аьлча, суьдхочо йина кхиэл церан амалшца йогIуш хиларна. Иштта тидам тIебахийтира Россин законаш а, хьашташ а лардаран меттана оцу кепара болчу сацамаша махкахь къепе хиларна, кхерамазаллина кхерам туьйсуш хиларна. Цул совнаха вайн махкахь бехачу тайп-тайпанчу динийн векалшна юкъахь барт эгIо гIертар а лорура.
Оцу гIуллакха тIехь Кадыров Рамзанан массарал хьалха гIо лаьцначарах вара Россин муфтийн Кхеташонан сопредседатель Аширов Нафигулла. Иза сацам боллуш реза вацара Къилба-Сахалинск гIалин суьдо йинчу кхиэлана. «Говорит Москва» радиостанцина ша еллачу интервьюхь цо дIахьедира оцу кепара йолчу текстех лаьцна светски суьдан сацамаш бан бакъо цахилар.
Кадыров Рамзана дина дIахьедар шаьш даггара къобалдеш хилар дIахаийтира Нохчийн Республикина тIера болчу Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа а. Бина сацам суьдан цул лакхарчу тIегIанашкахь бохабайтарна тIехьажийна шаьш билггал гIуллакхаш дийриг хиларан хьокъехь дIа а хьедира.
Оцу хиламца доьзна «Стеган бакъонаш ларъярехьа» аьлла болчу боламан куьйгалхо Пономарев Лев а реза ву Р.Кадыровс динчу дIахьедарна. Цунна хетарехь, и тайпа бух боцу сацамаш тIеоьцу Iедалшна шаьш муьтIахь хилар гайта гIертачу шайн гIуллакх ледара девзаш болчу суьдхоша а, эксперташа а.
Нийсонан боцу сацамаш тIеоьцуш болчу суьдхошна а, прокурорашна а таIзарш дар лоьхуш Кадыров Рамзана къамел дарна иза бехкевеш болчара дицдан ца деза бух боцуш болу сацамаш тIеоьцуш болчу Iедалийн векалийн гIолаца мегарг цахилар, хаам бира регионашна юкъарчу ассоциацин бакъонаш ларъяран «Агора» организацин куьйгалхочо Чиков Павела. Цо дийцарехь, дуккха а хан ю материалаш экстремизман чулацам болуш ю-яц ларар къастийна цхьалхадаккха деза. Эзарнаш тексташ, книгаш, листовкаш язъеш болчу авторшна санна, уьш дIасаяржош болчарна а боккха кхерам болуш гIуллакх ду иза.
Суьдхочуьнгара девлла гIалаташ даррехь гуш доллушехь, хиллачунна къера хила кийча вацара Къибла-Сахалинск гIалин суьдан куьйгалхо Чухрай Александр. И сацам тIеоьцуш суьдера «гIалат даьлла» хилла тарло аьлла хеташ вара иза. Цхьана а кепара хаалуш дацара динах тешаш болчарна хьалха бехказвала гIортар. Суьдхошна дагахь яцара бусалбанийн дегнашна шаьш йина чевнаш, ишттачу «балхо» мехкан суьдан дийнна системех билггал ойла кхуллуш хилар. Бакъду, тIаьхьо цо хаийтира книга ца магош ехкаран хьокъехь бинчу сацамна шаьш реза цахиларан хьокъехь гIалин прокуратурехь дIахьедина хилар. Цара чIагIдарехь, прокуратуро суьде дехнера экстремизман амал йолуш книга а, Къуръана тIера аяташ а ца лоруш, ткъа авторна хеташ дерг иштта амал йолуш ларар.
Дика ду-кх, тIаьхьа делахь а, бусалба нехан дог-ойла йохош шаьш бинарг ямарта сацам хилла хиларх Къилба-Сахалинск гIалин суьдехь кхетта богIуш хилар.
Л.МАГОМАЕВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо