Документальни фильмаш ю
«Росси-2» телеканалехь
Россин Федерацехь 2013–2018-чуй шерашкахь терроризман идеологина дуьхьал къийсам дIабахьаран комплексни план кхочушъярца доьзна а, Къоман антитеррористически комитетан Аппаратан тIедилларца а кечйина пхи сери йолчу документальни фильмийн цикл. Цуьнан юкъара цIе «Террор йоцу Росси» ю. Цуьнан Iалашо ю терроризман тIеIаткъамна кIелбаха тарлуш берш, къаьсттина кегийрхой оцу зуламах ларбар, терроризман маьIнех уьш кхетор.
«Террор йоцу Росси» фильмаш гайта йолийна федеральни «Росси-2» телеканалехь кху шеран октябрехь. Иштта ю уьш эфире йовларан хенаш:
– 6-чу октябрехь гайтира «Террор йоцу Росси – Iожалло дIавехнарг» фильм. 21 сахьт 20 минот яьлча хилира иза эфирехь;
– 14-чу октябрехь гайтира «Террор йоцу Росси – ГIезалойчохь чIагIалла зер» фильм (иза эфире йолу хан а йовзуьйтуш анонсаш хилира 10–14-чуй октябрехь.
– 20-чу октябрехь гойтур ю «Террор йоцу Росси – Дагестан. ТIом а, машар а» (роликийн-анонсийн эфир хилира 16–20-чу октябрехь, фильм эфире ер йолу хан а йовзуьйтуш);
– 21-чу октябрехь эфире ер ю «Террор йоцу Росси – Бусалбанийн еза хIуманаш» (роликийн-анонсийн эфир хир ю 17–21-чу октябрехь, фильм эфире ер йолу хан а йовзуьйтуш);
– 27-чу октябрехь эфире ер ю «Террор йоцу Росси – Нохчийчоь. МеттахIоттор» (роликийн-анонсийн эфир хир ю 23–27-чу октябрехь, фильм эфире ер йолу хан йовзуьйтуш).
Вайн республикерчу бахархошна, уггаре а хьалха кегийрхошна пайдехь хир ду оцу фильмашка хьовсар. Цундела «Даймохк» газетан редакцин куьйгалло доьху цаьрга хьовсар а, цу хьокъехь шайна хетарг довзуьйтуш редакце материал язъяр а.
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо