ХIокху деношкахь (нийсса аьлча, 15-чу октябрехь) хилира Нохчийн Республикин Iилманийн академин Юкъара шеран гулам. Цигахь дийцаре дира Iилманийн академис 2015-чу шарахь бинчу белхан жамIаш, ткъа иштта дIадаьхьира Академин куьйгалла а, керла декъашхой а харжар.
Гуламан балхахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Яхихаджиев Iалида, цхьамогIа кхечу официальни наха.
Билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин Iилманийн академи кхоллаелла 1992-чу шеран декабрь беттан 15-чу дийнахь. ХIетахь цуьнан кхане мелла а бодане гуш хиллехь, тахана, республикин берриге а Iилманан ницкъаш вовшахтохаран (кхин а Iилманан учрежденеш а, лаккхара дешаран заведенеш а ма ю вайн республикехь), церан болх цхьаьнабалоран шатайпа туш хилла, шега доккха хьашт долуш, республикин дахарехь маьIне Iилманан учреждени хилла дIахIоьттина иза.
2015-чу шарахь Iилманийн академис бинчу балхах дуьйцуш, йоккха доклад йира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента, историн Iилманийн доктора, профессора Гапуров ШахIрудис. Цо билгалдаьккхира Iилманан учреждени шена хьалха лаьттачу декхаршца дика ларош схьайогIуш хилар. Тахана Академин структурехь болх беш шиъ институт ю: Гуманитарни талламийн институт (куьйгалхо – историн Iилманийн кандидат, профессор С.Магомадов); Материаловеденин гIуллакхийн (проблемийн) туш (куьйгалхо – физикин-математикин Iилманийн доктор, профессор Дадашев Райком). Иштта кхоъ отдел а ю: лаьттан хьокъехь Iилманийн отдел (куьйгалхо – физикин-математикин Iилманийн доктор, профессор Керимов ИбрахIим), биологин отдел (куьйгалхо – биологин Iилманийн доктор, профессор Умаров Мохьади), медицинин отдел (куьйгалхо – медицинин Iилманийн доктор, профессор Айсханов Султан). Академехь болх беш ву 18 бакъонца волу декъашхо (академик), 12 декъашхо-корреспондент, 37 Iилманийн доктор, 52 Iилманийн кандидат, 37 Iилманан белхахо. Хьалха шерашкахь а санна, Академис жигара дакъалоцу республикин юкъараллин-политикин, экономикин дерриге а дакъошкахь – республикин социально-экономически кхиаран программаш хIиттош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацина, ткъа иштта Парламентана оьшу аналитически а, экспертни а материалаш кечъеш, Республикин Правительствос дIахьош йолу дуьненаюкъара, ерригроссин, республикин Iилманан-практикин конференцеш, симпозиумаш, семинараш кечъярехь дакъалоцуш, хаамийн гIирсашкахула кхетош-кхиоран болх беш, иштта кхин а. Ш.Гапуровс билгалъехира Академина хьалха лаьтта Iалашонаш а. Иштта, 2016–2020-чуй шерашкахь чекхдаккха лерина 4 томехь йолчу Нохчийн историна тIехь болх бар, 3 томехь йолу Нохчийн меттан граматика арахецар, Нохчийн энциклопеди зорбане кечъяр, кхидIа а дIахьур ду «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазнаш» проект кхочушъяр (карарчу шарахь арахецна оцу проектан М.Мамакаевна лерина 4-гIа том), иштта «Нохчийчоьнан яртийн историш», «Нохчийн Республикин географи а, геологи а», «Нохчийн Республикин фауна а, флора а», «Математикин, физикин, техникин актуальни проблемаш», Iилманан кхечу теманашна тIехь болх бар.
Доклад йийцаре еш, къамелаш дира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Ш.Жамалдаевс, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра И.Байхановс, филологин Iилманийн доктора В.Тимаевс, филологин Iилманийн доктора Хь.Туркаевс, экономикин Iилманийн доктора К.Ибрагимовс, историн Iилманийн доктора В.Гарсаевс. кхечара а.
Цул тIаьхьа хилира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент а (пхеа шарна хоржуш ву академин президент), вице-президенташ а харжар. Къайлах кхаж тасарца Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент хаьржина Гапуров ШахIруди (оцу дарже кхоазлагIа хаьржина иза), академин вице-президенташ хаьржина Дадашев Райком а, Керимов Ибрахим а.
Iилманчийн шеран гуламехь дIадаьхьира Академин керла декъашхой харжар а. Иштта, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхой-корреспонденташ хаьржина экономикин Iилманийн доктор, профессор, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректор Таймасханов Хьасан а, физикин-математикин Iилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан кафедрин куьйгалхо Солтаханов Ширвани а.
Хь.АБАЕВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо