Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха пресс-конференци дIаяхьира Нохчийчоьнан пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин студехь. Цуьнга хаттарш дан баьхкинера вайн регионерчу а, федеральни а, дозанал арахьарчу а шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташ. Политикех, экономикех, социальни декъах, дуьненаюкъарчу юкъаметтигех, культурех, къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорах, спортах, дуккха а кхечунах лаьцна дара журналисташа Кадыров Рамзане дина хаттарш. Кхаа сохьтехь сов жоьпаш делира цо церан тайп-тайпанчу хаттаршна.
Иштта, Россина дуьхьал йина санкцеш дIаяхаран хьокъехь динчу хаттарна жоп луш вайн республикин Куьйгалхочо дийцира 2016-гIа шо чекхдалале Малхбузено Россина дуьхьал йина санкцеш дIайохург хиларх ша тешна хиларх лаьцна. «Санкцеш Россина эшаме хилла Iаш яц. Цуьнца доьзна орцанаш дохуш ю малхбузенан Европин пачхьалкхаш а, СНГ-н мехкаш а… Росси Куба ма яц. Росси тIеман а, экономикин а нуьцкъала пачхьалкх ю. ХIокху дуьненахь дукха хIума ду цунах доьзна. Санкцешца йоьзна хиллачу коьртачу проблемех вай хIинцале хьалхадевлла», – элира цо.
Нохчийчоьнан жимачу а, юккъерчу а бизнесана Iаьрбийн мехкаша юкъайохкучу а, юкъаяхка леринчу а инвестицийн хьокъехь динчу хаттарна Р.Кадыровс жоп луш гучуделира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ вайн регионехь жима а, юккъера а бизнес кхиорна алссам инвестицеш юкъаяхка дагахь хилар, ткъа СаIудийн Арави юьртан бахам а, промышленность а кхиорна юкъа инвестицеш яхка лерина хилар.
Кхеташ а ма-хиллара, пресс-конференцехь боккха тидам тIебахийтира Россин тIеман-космосан ницкъаша Шемахь дIахьош йолчу операцина а, террористашна дуьхьал дIахьош болчу къийсамна а. Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна хетарехь Шемахь дIахьочу операцехь Россин гIашсалташа а дакъалоцуш хилча дика хир дара. «Нагахь санна Россин Президента иштта сацам тIеэцахь, со реза ву Шемахь лаьттахула операци дIаяхьа, мелла а сиха и къемат чекхдаккхархьама, миллионаш бахархойн шайн хIусамашка юхаберза, шайн махкахь маьрша баха, къахьега таро хилийтархьама», – бохура Кадыров Рамзана.
Цул совнаха, цо дийцира террористана вен кхиэл яр юкъадалорах шена хеташ долчух лаьцна. «Вен кхиэл яр, шеко йоццуш юкъадало деза. Амма иштта кхиэл ян ца еза Iехабеллачарна, шаьш дечух, лелочух кхеташ боцчарна. Вен кхиэл ян хьакъ бу Къуръанан суратийн, аятийн, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисийн харц маьIна доккхуш болчарна, террористийн, экстремистийн могIаршка нах юкъаийзош болчарна…», – чIагIдира цо.
Иштта, журналистийн дуккха а хаттаршна, кIорда ца деш, жоьпаш луш цо дийцира лазамечу дуккха а гIуллакхех лаьцна. Тидамза ца дисира Нохчийн гIиллакхаш, дайн Iадаташ лардан дезаш хиларан мехала гIуллакхаш а. Ша аьлча, Кадыров Рамзана бовзийтира нохчийн ловзаре болу лехамаш, цигахь кегийрхоша а, мехкарша а лардан дезаш долу гIиллакхаш.
Шеко йоццуш, журналисташна а, телевизорехула цуьнга хьовсуш хиллачарна а пайдаэца, ирс эца, Iама дуккха а хIума дара пресс-конференцехь. Цунна хир дар-кха доьалгIачу сохьте яьлча а иза цхьанна а кIордийна хилла цахилар.
Д.АНАДЕВ
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо