Кадыров Рамзанна – леррина совгIат

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна «Терроризмаца къийсам латторна а, майраллина а» аьлла долу леррина совгIат дина Политикин а,  дуьненаюкъарчу гIуллакхийн а французски туьшо.

    Кадыров Рамзанна совгIат схьаделира доттагIаллин визитца веана, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь хиллачу Политикин а, дуьненаюкъарчу гIуллакхийн а французски туьшан президента Бауссарт Фабиана.

«Со волчохь хьошалгIахь хилира Политикин а, дуьненаюкъарчу г1уллакхийн а  французски туьшан президент Буассарт Фабиан. Тхойшиннан чулацаме а, даггара а къамел хилира. 1амаркехь а, Европин цхьайолчу пачхьенашкахь а хIун дуьйцу ца хаьа суна, амма вай терроризмаца латточу къийсаман Францерчу туьшо тIехдика мах хадабо! Дагна там беш ду Россехь терроризмаца кхиамца къийсам латтор Европехь гуш хилар. Хьешо чIогIа резахилла дийцира Соьлжа-ГIалех а, Нохчийчоьнах а лаьцна а!» – яздина Кадыров Рамзана Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь.

Доккхачу маь1не ду Россехь а, Нохчийчохь а терроризмаца кхиамца къийсам латтош хиларх кхечу мехкашкахь дика кхеташ хилар.

С.ЛАЛАЕВ

 №117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: