Россин кеманаша селхана а ондда тохар дина «Иблисан пачхьалкхан» Шемахь йолчу чIагIонашна. Вийна «Аль-Каидан» куьйгалхойх цхьаъ. Террористаш Шемара уьдуш бу.
***
Россин тIеман кеманаша Шемарчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна дуьхьал дIахьош йолу операци къобалъеш хилар гойтуш митингаш хилира Индехь, Германехь, Румынехь, кхечу иттаннаш пачхьалкхашкахь.
***
Иракан эскарша хьаьшна дIаяьккхина «иблисан пачхьалкхан» гIеранаша Киркун провинцина къилбехь еш хилла дуьхьало. Цигахь иттаннаш террористаш хIаллакбина.
***
Мисарехь кIирандийнахь дIаяьхьира парламентан харжамийн хьалхара тур. Кхо шо хан ю оцу махкахь парламент йоцу.
***
Алжирерчу эскаран цхьана декъехь эккхар хилла. Цигахь виъ стаг кхелхина, чевнаш хилларш иттаннаш бу.
***
Йеменан Iедал резахилла хуситашца а, экс-президентаца Салехьца а дийцарш дIадахьа а, маслаIатан некъ лаха а.
***
Германин Канцлер А.Меркель Хонкарахь цхьаьнакхийтира оцу мехкан президентаца а, премьер-министраца а. Цара дийцаре дира Шемица а, мигранташца а доьзна долу хьелаш.
***
Истамбулехь бакъонашларъяран органаша дIаяьхьира антитеррористически рейдаш. Уьш дIахьочу хенахь схьалецира кхечу пачхьалкхашкара 50 сов стаг. ДIахьош ду талламаш бар.
***
Японин премьер-министр дуьххьара Iамаркан тIеман базехь хилира, оцу мехкан тIеман хIордакемана тIе хьала а велира.
***
Одессина уллехь хи буха дахана катер. Цу тIехь хиллачу пассажирех 14 велла, 20 больницехь ву. Бохам хиларан бахьана ду 15 меттиг йолчу катера тIе 36 стаг хьалаваьккхина хилла хилар.
***
Иранна дуьхьал йина хилла санкцеш дIаяхаран хьокъехь долу закон тIеэцна Евросоюзо.
***
«Трансаэрос» селхана юкъахъяьккхина 80 рейс, стомара – 90 сов. И дерриге а доьзна ду «Трансаэро» банкрот хиларца.
№117, шинара, эсаран беттан 20-г1а де, 2015 шо