Церан дикалла йицлур яц

Лоьраш къинхетаме бен ца тов

Да я нана могаш доцуш хилча  доьзалехь йист йоцуш боккха сингаттам лаьтта. Дахарехь  царал хьоме а, мерза а цхьа а хуьлийла  дац. Дуьненан хIума,   ца кхоадо  яхь йолчу бераша церан  дуьхьа. Дуьне ма-дду дарба лаха арабовлу.  Шеларчу ДжамурзаевгIеран доьзалехь  5 ваша, 2  йиша  иштта сабIарзделла лийлира шайн да Джамурзаев Дени цамгаро вожийча. Оцу доьзалера  воккхах волу кIант Джамурзаев  Абубакар  къаьсттина  сема  вара оьшуш  волу лор, молха лахарехь. Меттахь  цамгар токхуш Iийна,  карарчу шеран 11-чу июлехь  бакъдуьнене  вирзира Дени (Дала декъалвойла иза). Ца йоьрзу чов  хилла, беха уьш, делахь а халчу муьрехь шайн дега хьаьжна, де-буьйса  ца  лоьруш орцаха идинчу  лоьрашна баркалла ала лаьа царна.

Шелан районан больницера  говза  хирургаш Баудинов  Аюб, Берикханов Мохьмад, терапевт-кордиолог Гуржиханова Майса,  невропатолог Гаджиева Асет,  кхиберш бу уьш.

Боккхачу ларамца йоху Абубакара шайн дега  хьаьжначу лоьрийн  цIерш. Воккхавеш дийцира  цо церан гIуллакхех, гIиллакхех лаьцна.

«Аюб а, Мохьмад а Дала дашо  куьйгаш делла  хирургаш бу. Эзарнаш операцеш йина  хир ю  цара. Юьртахь нехан дика-вуо декъа а ларабо  уьш.  Терапевт-кардиолог Гуржиханова  Майсас а, невропатолога Гаджиева Асета а  хIоттийна диагнозаш, Москва  вахча а нийса  йина карайо. Оццул дика, шайн болх  карабирзина лоьраш бу  уьш.

Майсин цIийнда ша  вогIура иза цомгашчу тхан дега хьажа ялош, иштта – Гаджиева Асетан ваша а. Нахе беана бала боькъуш хилар лор оьзда, къинхетаме хилар ду. Лор къинхетаме хилча бен товш а ма  вац. Амма лоьрийн хIума декъаза  ду. Цо диканиг динехь иза сиха дицло вайна, амма лоьрера кIеззиг ледарло ялахь,  иза  мохк  мел бу юьйцуш лела. Суна даима а хетта лоьран а, хьехархочун а болх уггаре а жоьпалле. Адамийн Iер-дахар, ирс дузуш  белхаш ду уьш. Тхан доьзална цкъа а дицлур дац  цара дина дика. Дела реза хуьлда  царна», – бохура Джамурзаев Абубакара.

Гуттара а ца хуьлу  нахана диканаш дан аьтто. Могашалла а дIайолу, къаналло  чохь а сацаво. Амма шен аьтто болчу  хенахь  адамашна дика  ца дар  иза  цкъа а меттахIотталур доцу зен ду, ткъа  дина дика – бахам бу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№118, 22 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: