Иштта яра кху деношкахь махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный-Сити» туьшахь хиллачу ярмаркин цIе. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствос. Соьлжа-ГIалин модин а, дизайнан а техникуман говзанчаша а, студенташа а гайтира шайн куьйга бина белхаш а, куьцехь месаш тояран тайп-тайпана кепаш а.
Республикин ярмарке баьхкинера тайп-тайпанчу организацешкара белхахой. Цара билгалъехира шайна тIе ца тоьа говзаллаш. Царна юккъехь мелла а алссам хьехархойн говзаллаш хаалора.
Вай лакхахь хьахийначу техникумо шайн студенташца йовзийтира производственни дешаран шиъ говзанча: Хачукаева Зарема а (Парикмахеран искусство), Султанова Малика а (Дакъошкахь дизайн).
Соьлжа-ГIалин модин а, дизайнан а техникуман лакхарчу говзанчас Б.Сулеймановас дийцарехь, ярмаркехь жигара дакъалецира студенташа: Такиева Хадишта, Чалаева Фаризас, Орзамиева Анжелас, Лечиева Хьавас, Абдулкеримова Бэллас, Бетербиева Лолитас, Бакаева Хьавас, Асхабова Амната.
З.ЛЕЧИЕВА
№118, 22 октябрь, 2015 шо