Дукха хан йоццуш Нальчикехь дIаяьхьира Россин Къилберчу студентийн шуьйрачу хаамийн гIирсийн «СтудСМИ-2015» форум.
Россин Къилберчу 25 университетера студенташ гулбеллера ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университетехь. Вайн республикерчу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан оьрсийн меттан а, литературин а отделенин 3-чу курсан студенткас И.Эстамировас, историн а, правон а факультетан 3-чу курсан студенткас Х.Мутаевас дакъалецира форумехь. Цигахь йийцаре йира кегийрхойн журналистикин проблемаш.
Журналист, телеведущи йолчу Романцова Катаринас форуман дакъалацархошна дийцира, автора шен интеллектуальни белхан бакъонаш интернета чохь муха ларъян еза.
Цул тIаьхьа, бевзаш болчу журналисташа мастер-класс елира къоначарна.
Иштта, оцу дийнахь оьрсийн маттехула йолу Iилманан-практикин конференци а хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан оьрсийн меттан а, литературин а кафедрин лаккхарчу хьехархочо Р.Эдильхановас а, оьрсийн меттан а, литературин а факультетан 3-чу курсан студенткас М.Эльмурзаевас а.
ГIебартойн-Балкхаройчу шаьш кхачарх а, цигахь шаьш тIеэцарх а лаьцна дийцира «СтудСМИ-2015» И.Эстамировас. Студент хилла ца Iаш, университетан пресс-службехь болх беш ю иза.
«Вайн республикин дозанал арахьа яхар нисло сан наггахь. Муьлххачу а адаман иэсехь ша хиллачу меттигех шатайпа дагалецамаш буьсу. Иштта, Нальчик гIалах сан а бисина бовха дагалецамаш. Нальчик – хаза гIала ю. Цул сов, цигара бахархой хьеший безаш тIеоьцуш, хьешашца чIогIа ларам болуш бу. Хьехархочун корматалла караерзош елахь а, журналистикица гергарло долуш ю со. Цундела, «СтудСМИ-2015» форумехь дакъалацар суна чIогIа мехала хийтира. Цигахь зеделларг долу журналисташ бовза а, цара еллачу мастер-классах пайдаэца а таро хилира сан. Юха а ишттачу форумехь дакъалаца ойла ю сан», – дийцира цо.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Форуман дакъалацархой
№118, 22 октябрь, 2015 шо