ХIора ден-ненан коьрта Iалашо ю ийманехь, могаш-маьрша тIаьхье кхиор. Цара шайн ницкъ, могашалла а ца кхоайо шайн бераш ирсе хилийтархьама. Бакъду, царах хIорамма а ша-тайпа туьду «ирс» боху дош. Цхьаволчунна берийн ирс – хьал-бахам гулбарехь го, вукхунна – хааршка кхачарехь. Тахана тIекхуьуш йолчу тIаьхьенан гуонаха долчу хIуманашка болу хьежам хийцабелла. Цунна бехке да-нана дац, кегийрхошна тIеIаткъам беш долу дахаран чолхе хьелаш ду.
БIешерашкахь цхьана а Iедале ца дохаделла нохчийн гIиллакх гIелделча санна хетало. Деций-ненаций йолу беран юкъаметтигаш телхаш санна хета. Паччахьан Iедал долуш, атеизм яржийна Советан Iедал долуш лело ца хIиттина хIуманаш дуьйлу вайн кегийрхошкара. Цу хьокъехь Iилманчаша а, психологаша а яздо шайн белхашкахь, жоьпаш лоьху.
Тахана кхиънарш тIеман бераш ду. Царна бераллехь хазаниг, самукъанениг кIеззиг гина. ТIом, цIий, махках девлла лелар, нанойн белхар ду церан бIаьргаш хьалха лаьтташ.
Хала дара тIеман шерашкахь берашна хьеха. Церан дукха хаттарш кхоллалора хьехархошка. Даймахке безам кхиоран урок математикел а, химел а хала хуьлура. Хьехархочун кIорггера хаарш хилла ца Iаш, иза историк а, психолог а хила везара. Наггахь бен дешархо ца хуьлура хIусамехь бохам, сингаттам хилаза. Чуьра стаг тIепаза ваза, я хIаллакваза доьзал кIеззиг бара. ХIора а шен а, шен берийн а са дадийна лелаш вара.
ТIом чекхбаьлча дай-наной шайн йохийна хIусамаш меттахIитто арабевлира. Бераш кхетош-кхиор цхьана соне дIататта дийзира. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуккха а болх бира кхиазхой кхетош-кхиоран декъехь. Исторехь цхьанна а мехкан дас ца динарг дира цо маьршачу дахаре тIемалой юхаберзош, галваьлларг ийман чу валош, похIма долу кегийрхой гучубохуш, царна дешаран а, белхан а меттигаш нисъеш, спортсменаш кхиош, къоначу доьзалшна хIусамаш луш, дуккха а кхидолу гIоьналлин гIуллакхаш деш.
Цу дерригенна юккъехула халкъана а, махкана а ямарт хила Iеминарш а хуьлу вайна юкъахь. Мохк, да-нана дIа а тесна Шема баха луурш хуьлу. Мехкарий а нисло и ойла йолуш. Цаьрга хаттарш дан воьлча гучудолу 2-чу классан дешархочунна хаа декхар дерг а царна хууш цахилар. Церан берриге а болх интернета чохь хуьлу. Цу чохь долчух теша уьш. Мехкан а, кхечу пачхьалкхийн а истори ца евза царна. Баккхий тIемаш бийларан бахьанаш ца хаьа царна. Уьш царна хаарна кхоьручара, шайна тIеберзабо иштта кегийрхой. Исламан динан кIорггера Iилма долу стаг аьшнаш вой дIавоккху цара а, уьш Iамочара а. Шаьш йийсар бина кегийрхой бакъдолчунна тIаьхьа ца кхиийта, хIуъа до «вербовщикаша». Бехк а бац, хIора а галваьккхинчу жимачу стагах теттина ахча ло царна.
Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телевиденехула кест-кестта сюжеташ гойту Шеме тIом бан баха арабевллачу кегийрхойн хьокъехь. Вайн кхиэле дохкучу суьрташна юкъахь «тIемалой» го. Делан дуьхьа арабевллачу кIенташа шайн дайн-нанойн дохийначу дегнаша бIаьргех хи доккху мел онда дог долучун а. Ден-ненан пурба а доцуш цхьанхьа а ваха йиш ма яц доьзалхочун!».
Оцу дерригенна а юкъахь уггаре а ирчаниг мехкарий Шема дIабахар ду.
Бер дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна дIаболо беза иза кхиоран болх. Нохчийн ламасташца, гIиллакхашца кхетош-кхион деза бераш.
Дегара, ненера пурба доцуш, ара а ваьлла дIагIур вац ийманехь кхиийна доьзалхо. Ден-ненан бехкенна нислуш ду и саннарг. Шен луъург бен ца деш волу доьзалхо духе кхиа воьлча, барт боцчу доьзалехь кхиъна хуьлу, я да-нана вовшах къаьстина, я, цхьана хьекъалчас ма-аллара, лачкъийна дIаяьхьна бералла хьастаза, кхиоза висинарг хуьлу.
Вайн махкара Малхбалерчу пачхьалкхе дIаихначу кегийчу нахана юкъахь наггахь карор вац школехь дика дешна, литературица, историца, биологица, химица гергарло хилла.
Болх, некъ, таро йоцуш бисина нах хуьлу «вербовщикаш» лохуш берш. ЦIий Iенадойтуш, хьал-бахам гулбинчарна, хаарш кIеззиг долу кегийрхой Iехо атта хуьлу.
Мила ву нохчашка Шема кхойкхуш? Хьанна гIо деш бу уьш?
Вайн махкахь а, дуьненахь а кхолладеллачу юкъараллин – политикин хьолан хьесап дан хууш волчу стага лелор доцу хIуманаш ду нохчийн кегийчу нахе леладойтурш. Ахчанах бохка а белла, кхиазхой Интернет чухула галбохуш болчу нахана дика евза чуьра а, арахьара а политика. Церан коьрта Iалашо шайн сом схьаэцар ю.
Дало лаьа кхечу пачхьалкхашкахь волчу шина мухIажаро цу хьокъехь Интернет чухула вовшашка яздинарг:
IабдуллахI: – Тхан накъостий бу оцу юкъахь дIакхелхина, цхьа а хьоьгара фатва оьшуш вахана а, я дIакхелхина а вац. Хьайн социал тIедалар лар а деш, Iахьара хьо, оьзда доцу, божаршкахь ца товш долу хIуманаш а ца дуьйцуш.
Зелим (Швеци)
– Ваши, со социал тIехь вац, цуьнан дуьхьа веана а вац кхуза. Хьанал болх беш, Iедална ял дIа а луш, доьшуш ву. Кхузахь дош ца хета вайн цIера дешар. И цхьаъ ду. ШолгIа, ахь соьга хIуъа бахахь, со сайн ойланна тIехь ву. Хьан накъосташна Дала гечдойла. Амма сан гIуллакх дац, суна а, хьуна а хаьа йиш яц уьш гIазотехь белла я ца белла. Ишттачара доккха зен до дерриге а къомана – цIе вуо йоккхуьйту. Шаьш тIом беш делахь, шайн цIахь берг чекхбаккха безара. Хьо цу хаттарна тIаьхьакхиа хьажалахь, ваши, хьайна ца хуу сан социал ца юьйцуш. Iовдалчу стагана ламаз дан Iамийча, цо лаьттах бетташ, шен корта бохабо олуш ду.
Iабдул-Хьамид (Иордани)
–…Нохчаша ма аллара «шайн нахах хиэра ваьлла, хийра нахах нах беш верг цкъа а декъал хир вац. ЦIахь болчарна, тхуна санна хIокху юкъара динан а, политикин а хьал девзахьара, цкъа а схьагIертар бацара. Ма дукха ду уьш дийца…
ТIаьххьара яздинчу дешнаша дуккха а хаттаршна жоп ло. МаьIне долчу жоьпо ойла йойту кхолладеллачух а, кхидIа хуьлуш лаьттачух а.
Дуьне а хьоьгуш, ирсе даха хевшина вай тахана. ДIаяьхна тIеман лараш, меттахIиттийна дешаран а, могашаллаIалашъяран а, социальни а, культурин а, спортан а объекташ. 10-15 шо хьалха йоьжна хилла «нохчийн» цIе дуьненахь сий-ларам баре кхаьчна, меттахIиттош ду нохчийн шира гIиллакхаш, ламасташ дайн Iадаташ. ТIекхуьуш йолу тIаьхье кхетош-кхиорехь нийса некъ хаьржина мехкан куьйгалло.
Кхин цхьа хIума а ду. Вайн бераш кхетош-кхиош Iедало дечу гIуллакхех тешна а ца Iаш, хIора хIусамехь дIадахьа деза къона тIаьхье кхетош-кхиор.
Дерриге жоьпалла мехкан куьйгалхочунна тIе а ца дуьллуш, хIорамма а шен меттехь болх бахьара, дуьненна масал хилла дехар дара вай. Вайн оьздачу гIиллакхех, ламастех пайдаоьцур бара кхечу къаьмнаша, нохчех дозалла дийр дара дуьненахь. Цу Iалашаоне кхача доккха хIума ца оьшура вайна, кханенан ойла а еш, бертахь дахар.
Б.ДУДАЕВА
№118, 22 октябрь, 2015 шо