Къаной – беркат

«Тхо кегий долуш  массо а вовшашца уьйр-марзо йолуш вара. Юьртахь цIа деш, асар деш, мангал хьокхуш стаг хилча, белхий а бой, вовшашна накъосталла дора. Ишттачу уьйраша чIагIбора адамашна юкъара барт», – дуьйцу Бакаев Висхана.

И хаза, генара хан дагалоьцуш волу Лаха-Варандара Бахаев Висха вина 1932-чу шеран апрель баттахь Лаха-Варандахь. ВисхагIеран доьзалехь хIарий кхуьнан ши йиший хилла. 1938-чу шарахь нана дIакхелхина церан. 1944-гIа шо тIекхаччалц, хIора а нохчийн доьзалехь санна хилла церан дахар, ялта кхиорца а, кхиболчу белхашца а хьанала рицкъа доккхуш. Ткъа 1944-чу шарахь 22-чу февралехь ирча кхаъ бохьуш салтий баьхкира ВисхагIеран ураме:». «Схьагулло махках дохуш ду шу», –  аьлла. «Цул тIаьхьа хан Сибрехахь яьккхира оха», – элира воккхачу стага шен бIаьргех даьлла хи дIа а доккхуш. 1957-чу шарахь вайн халкъ санна, Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа, юха дIадоладелира ирсене, маршоне сатийсаран г1ийла дахар. Дай баьхначу Варандахь цIенош а эцна, даьхни а гулдина, колхозе балха а вахана, ваха хиира Висха. 1962-1968-чуй шерашкахь школехь завхозан болх а бина цо. Пхи доьзалхо хилла цуьнан. Царах цхьа кIант 1996-чу шарахь хиллачу тIеман къизалло дIавигна.

Карарчу хенахь 10 берийн бер а, церан 16 бера а ду Висхин. Уьш кхетош-кхиорехь къахьоьгу воккхачу стага.

«Уьш кхиъна зама чолхе хилла. Делахь а, хан-зама  мел чолхе нисъеллехь а, вайн къоман хазачу гIиллакхех, оьздангаллех ца духуш кху хене схьабаьхкина уьш».  Шуна доьналла, синчIагIалла а латтийнарг хIун ду?», – аьлла шега динчу хаттарна жоп луш, иштта дийцира воккхачу стага:

«Шайн заманахь хиллачу баккхийчара эвлаяашкара схьа а эцна тхоьга кховдийна бусалба динан дозалла а, марзо а, дикалла а. Тхо кегий долуш, муьлххачу а воккхачу стага хьехарш деш цуьнга ладугIуш Iара. Къаношкара боккха пайда а оьцура. Цаьрга ладоьгIча хIоранна а дог яхьах, доьналлех дузара.  ХIинца, мел лазаме делахь а, новкъа вогIуш воккха стаг хилча,  цунах къаьхка, цуьнан хьехамашка ладог1а ца лаьа дукхахболчу кегийрхошна. Цхьаволу жимха  нохчийн гIиллакхийн хазна йовза лууш ца хуьлу.»

Воккхачу стага, иштта дийцира вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хазйина дIахIоттийначу Соьлжа-ГIалех а, иштта кхийолчу, гIаланех а яртех а лаьцна. Иза чIогIа воккхавера цуьнан мехалчу гIуллакхех. Воккхачу стага кегийрхошка доьху, шайн дайша лардинчу вайн къоман хазачу гIиллакхех ма дохахьара, царех масал а оьцуш, и гIиллакхаш лардахьара бохуш. Уьш лардича вайн кхане ирсе хирг хиларх тешна а вара иза.

ВИСИТАЕВА Тумани

№118, 22 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: