Израилова Фатима жима йолуш дуьйна яра бераш дукхадезаш. Ларамаза дацара иза. ЙоI ша яра боккхачу доьзалехь хьалакхиъна. Шийтта бер дара кхуьнан ненан Зулайн а, днг Мовлдин а. Фатима царна юкъахь жимахъерг яра. Кхеран да Мовлади гIишлошъяран белхаш беш вара. Мукъа Iаш нана а яцара. Даима юьш-ерзош хасбеш, лелош бежана, москал-котам хуьлура цуьнан, хьаналчу напхица доьзал хене баккха лууш. Шена юххехь къахьега Iамийна дара Зулайн массо а бер. Делахь а, мукъа йисинчу минотехь дукха жимачохь Фатимина гечо карадора лула-кулара бераш схьагулдой, хьехархо ю ша бохуш, царна цхьацца хьехамаш бан. Ткъа юккъерчу школе деша яхча-м цунна баккъал а хаьара шех хьехархо хир юйла. Юьхьанцарчу классашкара дуьйна школа чекхъяккхалц дика доьшуш яра Фатима, хьехархоша кхечу дешархошна масална хIиттош. Къаьсттина дукхадезара цунна историн дарсаш. И бахьана хила там бу дешаран лакхарчу кхерча деша йоьдуш йоIа историн факультет харжар. Бакъду, юккъера школа чекхъяьккхинчу шарахь университете деша йоьдийла ца хилира Фатимин. Конкурсах чекх ца елира. Дахарехь нисло-кх и тайпа киртигаш. Муьлхха экзамен цхьа кхаж санна хIума ма дай. Ирс долчунна дуьххьара гIулч йоккхушехь дерриге а дуьне серладохуш малх къежа. Ткъа кхиверг кхолламо кест-кеста зуьйш хуьлу. Университете дIа ца тасаяларх мукъа Iойла ца хилира, Фатимин. ХIара берахь дуьйна дика евзачу хьехархоша ша итт шарахь дешначу школе балха дIакхайкхира иза, пионервожатин болх бан. Хетарехь, Фатимин дахарехь уггаре а ирсе де дара иза – берашна юкъахь безаш болу болх нисбалар. И дара даима цунна дезнарг. Ткъа дешаран лакхарчу кхерча а иза яхара 1987-чу шарахь. Балхана юкъах яла ца лууш, цо деша хаьржинарг заочни кеп яра. 1993-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира цо Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан историн факультет. Иттехшарахь Соьлжерчу юккъерчу школехь берашна истори хьийхира. Дечу даима гIуллакхана сутара йолу Фатима цкъа а балхах Iебаш яцара. Университетехь караерзийна говзалла историк елахь а, цо рисованин, черченин дарсаш лора берашна. Дарсаш далар кхачаме ца хеташ, классал арахьара болх алссам бора цо. Таханлера бераш къоман кхане юйла хууш, уьш уггаре а хьалха кхетош-кхио лууш чIогIа къахьоьгура хьехархочо. ХIора дарсехь цунна бахьана карадора вайнехан оьзда гIиллакхаш хьахо, шена хьалха долчу берашна уьш дезадалийта. СинбIов йина лардеш, кхидIадолчу дахарехула берашка уьш дIакхехьийта. Къаьсттина жигарабаьккхинера Фатимас дешархой кхетош-кхиоран болх ша завуч йолчу муьрехь. Ша декхарийлахь хетара цунна хIора дешархочун дагахь дерг довза, цуьнан аьргачу ойланех кхета, гIо-накъосталла оьшуш иза велахь, цунна орцахяла. Белхан накъосташа, дешархоша Iаламат дика хьехархо ю а олура цунна. Фатимас Iамош болу дешархой кест-кеста районан а, республикин а конкурсашкахь, олимпиадашкахь дакъалоцуш, толаман меттигаш йохуш схьабогIуш бара. Делахь а, хьехархочун ойла хаддаза кегийчу берех хьерчара. Цунна юьхьанцарчу классашкахь болх бан лаьара. Доцца аьлча хьалхарчу классе догIу бераш дукха дезар-кха цунна. Къаьсттина уьш хIунда деза шена а ца хууш. Эххар а, кхочушхилира Фатимин лаам. Масех шо ду иза Соьлжа-ГIаларчу №66 йолчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо йолу. Яц могIарера хьехархо-м, сахьташ дIадевлчхьана тоам беш. ЦIенчу даггара и бераш дезаш, шен хаарш царна дIадала лууш, халкъана, махкана царех пайдехь адамаш кхио лууш хьаналболх беш схьайогIуш ю иза. Берийн дай-наноша дукха къахьоьгу хьалхарчу классе деша доьду бер къаьсттина Фатимин классе нисдан лууш. Ткъа и бераш, цуьнан классе нисделларш, баккхий бина ца бовлу иштта дика хьехархо царна хьоьхуш хиларх. Дешархошна Iилма Iамийна Iаш яц иза. Уггаре а хьалха царна цо Iамадо низамехь хила. ТIаккха гIиллакх-оьздангалла йовзуьйту. Кхин цхьа хIума а дара суна Фатимин балха тIехь билгалдаккха лууш: шена хьалха долу бераш исбаьхьаллин литература еша Iамадо цо. Дуьненна хууш ду таханлерчу дешархойн чкъуро книгаш ца йоьшийла. Иза кхузаманан Iаламат боккха лазам бу. Книгаш ешаро мотт шарбо, ойла шорйо, кхетам совбоккху. Цунах дика кхеташ йолчу Фатимас, хьалхарчу классашкахь дуьйна гечо лоху берашна исбаьхьаллин литература йовзийта, цуьнга безам кхоллабалийта. Жимачохь марзделларг, цIийх доьлларг дерриге а дахарехула чекхдоккху муьлххачу стага. Цундела дегайовхо ю Израилова Фатимас Iамош долу бераш вайн къоман юкъараллина пайдехь адамаш хирг хиларх. БIаьрла гуш ду кханенан ойла еш и болх беш хилар. Ма дика ду и тайпа синкхетам болу говза хьехархой вайн махкахь болуш. Лар йоцуш боврбац церан хьанал къинхьегам. Дала мукъ лахь! Халкъана, махкана цIенчу даггара динарг дайна меттиг яц цхьана а заманахь. Ткъа хьехархочун атта боцу болх даима хилла Даймехкан кханенан ойла ечу хьаналчу адамаша дIакхоьхьуш. Царах цхьаъ ю Израилова Фатима.
ГАЗИЕВА Аза
№118, 22 октябрь, 2015 шо