Редакцин отдела чу веара газетан коьртачу редакторан заместитель Дадаев Сайд-Хьасан, шена тIаьхьахIоттийна кегийрхойн тоба а йолуш.
– Хьаким, хIорш вайн редакце практике бахкийтина къоначу журналистийн школин дешархой бу. Кхаьрга ладогIахьа, – элира цо отделан куьйгалхочуьнга Аболханов Хьакиме.
Сайд-Хьасан дIа а вахийтина, Хьаким вистхилира кегийрхошка:
– Со ладугIуш ву. Ас хIун дуьйцийла лаьа шуна?
– Тхешан яздаран ницкъашка хьовсуш, хIара цхьацца материал язйинера оха, хIорш еший, хьайна хетарг алахьа, – дийхира кегийрхойх цхьамма. Цхьана йоIера схьаэцна, материал а ешна, Хьакима элира:
– Ахь язйина материал «дика ю» аьлла хасторе кхаьчна яцахь а, амма мегар йолуш ю, нагахь санна цхьадолу хIуманаш нисдахь. Хьовсал, массара а дика ладогIалаш. Журналист хила гIерташ волу стаг массо а агIор кхетамехь кхиъна хила веза. Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш хилла ца Iаш, цхьана маттера вукха матте даьккхина дош предложенехь догIуш, нийса маьIна деш ду-дац хууш хила декхарийлахь ву иза. ТIаккха таро хир ю предложени а, дийцар а нийса яздан. Маггане а мегар дац шен кхетамехь гIуллакхан ойлаяр цхьана маттахь а долуш, ткъа дIаяздар кхечу маттахь хилийтар. Цкъацкъа теле-радион передачашкара, я шуьйрачу хаамийн гIирсашкара дешнаш схьаэцар а ойла йина хила декхар ду. Иза ас хIунда дуьйцу? Ас цхьа масал далор ду. ХIокху деношкахь телевиденин цхьана передачехь гойтуш бу (муьлхачу каналехь дага ца догIу суна) куьцехь мехкарий. Хаза эшарш а локху цара. Ткъа бухарчу титрехь яздина ду «иллиалархо» боху дош. Иза нийса дац. Зудабер я зуда йиш локхуш ю, божабер, боьрша стаг илли олуш ву. Ахь а цу тIера схьаэцначух тера ду хьайн материала тIехь йиш локхуш йолчу йоIах «иллиалархо» алар. Иза нийса дац. Кхийтин хьо?
– ХIинца гайтал суна хьайн материал, – элира цо шолгIачу дешархочуьнга. Иза лерина ешна а ваьлла, цунна а, цуьнан гIалаташ билгалдохуш, хьехамаш бира Хьакима.
– Хьажал, материал язъян цхьанхьа заводе, я кхечу предприяте вахале хьалха, дика ойла а йина, дIаяздан деза хьо шайх лаьцна дийца ойла йолуш волу хаттарш: предприятин цIе, цуьнан куьйгалхочун фамили, цIе, ден цIе, цигахь хIун болх бо, хIун арахоьцу, оцу продукцин дикалла, белхалойн коллективехь массарел а гIолехь болх беш мила ву, и коллектив шен белхан планаш кхочушъярца ларор, хьалхелелорхой билгалбахар, оцу белхахойн предприятин куьйгаллица а, шайн балхаца а йолу юкъаметтигаш, кийча продукци йохкаран хьелаш, – мел ду уьш. Царах лаьцна ас дуьйцу аьллачух цхьадерш хIокху хьан материала тIехь цахиларна а, хьан накъосташна уьш хазийтархьама а, царах цаьрга пайдаэцийтархьама а. Шайна бина хьехамаш, дика ладоьгIна, аш дIаэцахь, шух журналисташ хир ду. Шаьш ца кхетарг хатта мичча хенахь а дахка мегар ду шуна. Оха далуш долу гIо дийр ду шуна. Дала аьтто бойла шун.
Вай шех лаьцна дийцинарг Аболханов Хьакиман белхан цхьана дийнахь масех дийнахь бен дацара. Ткъа хIора дийнахь болчу цуьнан балхахь дара редакце керла тIеэцначу къоначу белхахошна беш болу хьехамаш хилла ца Iаш, амма дуккха а хенахь дуьйна белхаш беш болчарна а хан-зама ца лоруш, ша дечу шен гIуллакхехь сиха хиларе ца хьоьжуш, цо деш долу гIо-накъосталла а. Шега динчу хаттарна дала гуттар а нийса жоп а хуьлура Хьакиман.
Шен хIора дийнан балхахь и гIуллакхаш деш волчу цуьнан шена дуьххьалдIа тIедехкина белхан декхарш кхочушдан муха кхуьу техьа иза, аьлла хеталора. Амма Хь.Аболханов дика ларавора шен редакционни декхарш кхочушдарца а. Газетехь шен-шен хенахь арайовлура «Литературин агIонаш». Царна тIехь газетдешархойн еша таро яра вайн республикерчу яздархойн произведенеш. Меттигерчу яздархойн керла язйина цхьа а книга ца юьсура газетехь билгал ца йоккхуш. Хаддаза луш яра «Критика а, библиографи а» рубрика. Газето кест-кеста, зорбатухура нохчийн литературин классикийн Бадуев Са1идан, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев 1арбин, цул тIаьхьарчу чкъуран Мамакаев Эдуардан, Арсанукаев Шайхин, Кусаев 1адизан, Абдулаев Лечин, Ахмадов Мусан, Бексултанов Мусан, т1екхуьучу къоначу яздархойн, поэтийн произведенеш.
Билгалдаккха деза отдело газеташдешархошна меттигерчу яздархойн, поэтийн произведенеш йовзийтина ца 1аш, вайн ешархошна пайдехь а, маь1на долуш а йолу дозанал арахьарчу авторийн произведенеш а кест-кеста а зорбатухуш хилар.
Хь.Аболхановс куьйгалла дечу отдело хаддаза яздора республикин дешар, могашалла Iалашъяр меттахIотторах, оцу дакъошкахь долчу кхачамбацарех лаьцна. Хьаххийначуьра, къаьсттина, ала лаьа ша хьехархо хиларе терра, Хьакима школин темина а, нохчийн мотт Iаморна а лерина материалаш газетдешархошна кхеташ а, говза а кечъеш хилла хилар. Оцу гIуллакхана цо пайдаоьцура журналистикин ерриге а жанрех. Цул сов, дешаран, Iилманан, могашалла Iалашъяран, нохчийн меттан исбаьхьалла а, цуьнан сийлалла а, хьал долуш хилар а довзийтаран, культурин, литературин, искусствон темашна язъеш йолу материалаш тайп-тайпана а, кIорггера чулацам болуш а хиларна доккха гIо деш бара Хьакима шен отделехь вовшахтоьхна жигархой. Хьакиман герггара уьйраш яра могашаллаIалашъяран, дешаран, Iилманан министерствийн, Iилманийн академин, лаккхарчу дешаран заведенийн, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан, кхечу учрежденийн белхахошца. Оцу зIенаша боккха аьтто бора цуьнан балхахь.
Хь.Аболхановс хаддаза вовшахтуху нохчийн фольклор, шира дийцарш, г1иллакхаш, ламасташ, шира хIолламаш, дуккха а кхидерш а довзуьйтуш йолу материалаш. Билгалдаккха деза отделехь кечйина материалаш гуттар а кIорггера чулацам болуш а, еша атта а, дог-ойла г1аттош а хилар. Кхечу кепара хуьлийла а дац иза, хIунда аьлча, Хьаким ша а ву массаьрца а кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда, нехан шега хьашт долуш.
Белшах белш тоьхна, дуккха а шерашкахь цунна юххехь, цуьнца цхьаьна болх бина долчу тхуна боккха юьхькIам, дозалла дара иза юххехь хилар. Тешаме накъост, кхетаме хьехамча ву Хьаким. Оха цунах дозалла а дора тахана а до. Цундела тхан, Хьакиман белхан накъостийн, ала йиш ю: Хьаким хIокху дуьнен чохь хьо эрна ца ваьхна.
Билгалдаккхар
Аболханов Хьаким вина 1952-чу шеран март беттан 10-чу дийнахь Г1ирг1изийчохь. Дешна Гуьмсан районан Энгель-Юьртарчу юккъерчу школехь. Эскарехь гIуллакх динчул тIаьхьа, болх беш, чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени. Белхаш бина Энгель-Юьртарчу юккъерчу школехь (нохчийн меттан, литературин хьехархо, дешаран декъехула директоран заместитель), Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу, аргунерчу №1 йолчу юккъерчу школашкахь, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн инститетутхь (лакхара хьехархо, кхетош-кхиоран белхан кабинетан куьйгалхо).
1992-чу шарахь дуьйна «Даймохк» газетехь болх бина. Юккъерчу школина леринчу нохчийн литературин учебникийн, «ХIоллам», «Нохчийчоь цхьаъ бен яц вайн», «ГIиллакхийн хазна», книгийн автор ву. Соавторшца цхьаьна хIиттийна «Нохчийн поэзи», «Нохчийн повесть», «Нохчийн драматурги» гуларш.
Хьаькаман къинхьегаман некъ билгалбаьккхина «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» аьлла йолу сийлаллин ц1е яларца а, ткъа иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Нохчийн Республикин Парламентан, СССР-н серлонан министерствон Сийлаллин грамоташца а.
С.МАГОМАЕВ
№118, 22 октябрь, 2015 шо