«Россин Къилба» – мехала Iалашо

Россин Федерацин региональни кхиоран министра Слюняев Игора мехкан Правительстве дIаелла ша куьйгалла дечу ведомствос кечйина йолу «Россин Къилба (2014–2020-гIий шераш)» федеральни Iалашонан программа. ХIинццалц гIуллакхдеш хиллачу «Россин Къилба 2008–2013-гIий шераш» федеральни Iалашонан программа кхочушъяр кхидIа а дIахьур ду керлачу программица. Цул совнаха Къилбаседа Кавказан федеральни округ 2025-гIа шо кхаччалц кхиоран Пачхьалкхан программа кхочушъяран коьрта гIирс хилла дIахIотта а беза и программа.

Россин Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь ша динчу къамелехь И.Слюняевс леррина тидам тIебахийтира 2008–2013-чуй шерашкахь динчу гIуллакхашна. Оцу муьрехь «Россин Къилба» федеральни Iалашонан Программин (ФЦП) гурашкахь 111 объект йира. Болх бан йолаялийтира хIусамийн-коммунальни бахаман 41 объект, энергетикин 32, дешаран 17, могашаллаIалашъяран 12 объект. ХIинца еш а ю 72 объект. Уьш йина йовлийтар билгалдеш ду федеральни Iалашонан керлачу программин гурашкахь.

ФЦП-н хьалхарчу муьрехь, 2014–2016-чуй шерашкахь, министра дийцарехь, кхочушдийр ду коьрта кхо декхар. Хьалхарниг – школаш яр. Кхаа сменехь дешаран проблема дIаяккхар. Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташкахь 18 эзар бер кхоалгIачу сменехь доьшуш ду. 2014–2016-чуй шерашкахь 15,2 миллиард сом ахча хьажор ду 57 школа ярна. Уьш ян лерина Дагестан Республикехь, ГIалгIайчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийн Республикехь, Кхарачойн-Чергазийн Республикехь, ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь, Ставропольски крайхь. Оцу Iалашонна хIокху 2014-чу шарахь бюджетера 1,8 миллиард сом ахча хьажор ду.

ШолгIа декхар ду медицинин хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхар, санаторно-курортни дакъа кхиор. Билгалдеш ду могашаллаIалашъяран I3 объект яр. Царна юкъахь: Кхарачойн-Чергазийн Республикера берийн больница а, онкодиспансер а; ГIалгIайн Республикера туберкулезна дарбалелоран диспансер; Дагестан Республикера районан пхи больница; Нохчийн Республикера бераш даран цIа а, 3 больница а. 2014–2016-чуй шерашкахь ян леринчу ерриге а объекташна хьажон долу ахча 6,7 миллиард сом хир ду.

Керлачу Программин уггаре а коьртачех гIуллакх хир ду Кавказан Минеральни Хиш регионехь медицинин дуккха а агIонийн кластер яр. Цу юкъахь хир ю санаторни дарбанашлелоран а, садаIаран а учрежденеш. И проект кхочушъян лерина бюджетера йоцу алссам инвестицеш юкъа а озош, пачхьалкхан а, нехан долахьчу а харжех юкъахь г1уллакхдаран механизмех пайда а оьцуш.

КхоалгIа декхар ду Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн инвестицешна бегIийла хилар лакхадаккхар а, белхазалла лахъяр а. Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташкахь транспортан, инженерни, коммунальни инфраструктура кхиорна тIехьовсийна йолу проекташ кхочушъярна программехь билгалдинарг 7,3 миллиард сом ду. Цунах 1,5 миллиард сом карарчу шарахь къастор долуш ду.

Ша аьлча, билгалдеш ду «Теберда-Домбай» (Кхарачойн-Чергазийн Республика) газопровод яр чекхдаккхар, электрокхачояран, йовхонца кхачояран системашна Владикавказехь (Къилбаседа ХIирийчоь–Алани Республика) реконструкци яр, Азау аренгара Терскол поселке (ГIебартойн-Балкхаройн Республика) кхаччалц йолчу меттехь догIанаш даьхкича хьовдучу Iоврашна дуьхьало яр.

– Программа кхочушъяран шолгIачу муьрехь, 2017–2020-чуй шерашкахь, алссам тидам тIебохуьйтур бу инвестицийн хьашташна гIоленаш ярна, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн экономика а, социальни дакъа а кхиорна тIехьовсийна долчу субъектийн гIуллакхашна дотаци яр лахдарна, – чIагIдира региональни кхиоран министра.

Программа кхочушъярна 2014–2020-чуй шерашкахь финансировани ярна къастон йолчу харжийн юкъара барам 189,1 миллиард сом хила декхар ду. Оцу ахчанах 171,9 миллиард сом федеральни бюджетера харжаш хир ю.

Россин Федерацин Правительствехь чIагIйина «Россин Къилба (2014–2020-гIий шераш) федеральни Iалашонан программа.

Россин Федерацин региональни кхиоран министерствон пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: