ХIокху деношкахь хаамийн электронни гIирсаша хаамбира
Инжалан, Къуръанан, Танахан, Ганджурин чулацам а, царна тIера далийна йозанаш а экстремизман материалаш ларар доьхкуш йолу законопроект Россин Президента Путин Владимира Пачхьалкхан Думе чуелла хиларан хьокъехь.
Шен доккха маьIна долуш бу и хилам. Лечкъа стенна до, вайх хIоранна а кIезиг ца хезна кхечу динашна резадацар схьагойтуш меттигаш. Вовшашлахь дийца а дуьйций, цIарах бухабисина суй санна гIеллой, цхьана юкъана совцура иштта къамелаш, дагтIера мекха кхоччуш дIаяла ца кхиънехь а. Динашна юкъа питана таса гIерташ болчара дечу ямартчу гIуллакхех тешара цхьаберш, шен дин коьртаниг хиларх тешара вуьйш, массо а агIор иза чIагI а деш. Ишттачара цхьа а хIума хьесапе ца оьцура: кхечу динехь волчуьнца а ларам хила безаш хилар, динан буха тIехь мостагIалла лелор тардалийта мегарг цахилар, Дела массеран а цхьаъ хилар.
Цхьана баттахь а, цхьана шарахь а кхолладелла дацара иштта хьал. БIешерашкахь дуьйна схьадогIуш дара иза. Оцу хенахь даима а бовлура динашна юкъахь мостагIалла, питана таса, вовшашка цабезам кхолла гIерташ берш. Нийса хир ду жимма хьалхо хилларг дагадаийтича. Кху шеран августехь, прокурора Билобровеца хьалха хIотторца, Къилба-Сахалинск гIалин суьдан суьдхочо Перченкос ша бинчу сацамца шена юкъахь Къуръана тIера аяташ а долуш йолу «Деле доIа дар. Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш лерира.
Адамийн собар кхачийра. Кхузаманахьлера питанчаш совцо безаш хиларх лаьцна хьалха дош аьллачарех вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо сацам боллуш дIахьедира вайн махкахь тайп-тайпанчу динийн векалшна юкъахь барт бохо гIертар дехка дезаш хилар. Иштта сацам тIеэцначеран шайн бакъйолу цIерш а ехира – вайн махкахь зулам даржорна бух биллина долу шайтIанаш, питанчаш. Россин Генеральни прокуратуро регионан куьйгалхочуьнан ишттачу дIахьедарца ша реза цахилар хаийтича, Р.Кадыровс дагадаийтира дуьненахь цхьаъ ах миллиардал сов болчу бусалбанаша Деле кхайкхар, шайн Iибадат уггаре а хьалха «Аль-Фатихьа» дешарна тIера дIадолош хилар. Цундела оцу кепара дара бакъволчу бусалба стага делла хьакъ доллу жоп. Вайн регионан куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира Россин законаш а, хьашташ а лардаран меттана оцу кепара болчу сацамаша махкахь къепе хиларна, кхерамазаллина кхерам туьйсуш хилар а.
Цу тIехь Кадыров Рамзанан массарал хьалха гIо лецира Россин муфтийн Кхеташонан сопредседатела Аширов Нафигуллас. Иза сацам боллуш реза вацара Къилба-Сахалинск гIалин суьдо йинчу кхиэлана. «Говорит Москва» радиостанцина ша еллачу интервьюхь цо дIахьедира оцу кепара йолчу текстех лаьцна светски суьдан сацамаш бан бакъо цахиларан хьокъехь. Ткъа Россин Пачхьалкхан Думин депутата Саралиев Шамсаила мехкан бакъонаш ларъяран органашка дийхира суьдо иштта сацам тIеоьцуш цу юкъахь хиллачеран гIуллакх таллар.
Кхузахь билгалдаккха догIу Къилба-Сахалинск гIалин суьдо и сацам бинчул тIаьхьа вайн депутата ша кечъярехь Пачхьалкхан Думин 50 депутата а, Федерацин Кхеташонан декъашхоша а дакъалаьцна йолу законопроект Думина хьалха хIоттийна хилла хилар. Цо тидам тIебохуьйтура дуьненан динийн сийлахь йозанаш шайна тIехь кхиэл яр тардалийта йиш йоцуш хиларна. Россин Президента шен предложени юкъаялор бахьанехь шаьш кечйина законопроект юхаяккха барт хилла депутатийн.
«Далла хастам бу иштта сацам Президента тIеэцна хиларна, хIунда аьлча, иза боьзна бу машарца, синтемаца, вайн пачхьалкхехь хуьлуш долчух кIорггера кхетарца, – элира Ш.Саралиевс шайн тобано бинчу сацамах лаьцна хаамбеш. – Ерриге а конфессеша даггара къобалдира и дIадолор».
Россин Президентан дIадолор иштта дагарра къобалдира НохчийнРеспубликин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Инжилан, Къуръанан. Танахан, Ганджурин тексташ экстремизман амал йолу материалаш ларар дехкаран хьокъехь йолу пачхьалкхан куьйгалхочун законопроект мехкан дахарехь исторически гIулч яккхар лерира цо.
«Инжил, Къуръан, Танах, Ганджур, церан чулацам, царна тIера ялийна меттигаш лорийла дац экстремизман амал йолу материалаш», – аьлла законопроекта тIехь. Цуьнца нисдарш юкъадалор ду экстремизман гIуллакхашна дуьхьало яран хьокъехь долчу законна. Законопроектаца цхьаьна йолчу кхеторан записки тIехь билгалдоккху Россин Конституцин 28-чу статьяс хIоранна а эхь-бехкан паргIатонна, дин лело паргIатонна тешам луш хилар. Ткъа «Эхь-бехкан паргIатонан а, динан цхьаьнакхетараллийн а хьокъехь» долчу закона тIехь чIагIдо дуьххьалдIа керста дин, ислам, иудаизм, буддизм Россин халкъийн исторически тIаьхьалонан дIакъасто йиш йоцуш долу дакъа хилла дIахIоьттина хилар.
Кхеторан записки тIехь хьалха хIоттадо, оцу динийн синъоьздангаллин коьрта бух хиларе терра, Инжил, Къуръан, Танах, Ганджур, церан чулацам, царна тIера ялийна меттигаш экстремизман амал йолу материалаш лара мегарг цахилар. Думе яхьийтале законопроект йийцаре йина Россин динан организацийн векалшца.
Цхьацца «аьрха» ойланаш а кхоллайолуьйту оцу документо. Кхеташ ду иза кечдан ехха хан эшна хилар. Ца хаьа кхин мел хьоьжур яра и законопроект шен хан тIекхачаре, нагахь тахана махкахь шуьйра бевзина болу и хилам ца хиллехь а, суьдо йинчу кхиэлана шен ондда дош олуш Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан сацам боллуш дуьхьал ца ваьллехь а. Мухха делахь а, динца доьзна долу гIуллакхаш дийцаре дайта юкъадаккхар коьртачу декъана шен сица бусалба волчу Кадыров Рамзанан цIарца дузур ду адамаша.
Л.МАГОМАЕВ
№118, 22 октябрь, 2015 шо