Вацуев Iабдуллин цIе шуьйра евзаш яра Нохчийчохь а, генна дозанал арахьа а. Нуьцкъала амал, синъондалла хиларца билгалваьлла вара иза вайн махкахь. Иза историк вара, журналистикехь болх бан а ларийра. Нохчийн Республикин Правительствон пресс-службин куьйгаллехь а лаьттира. Амма миччанхьа балхахь велахь а хьуьнаре белхахо, тешаме накъост, цIена нохчи, хиларца билгалвуьйлуш вара Вацуев Iабдулла. Цкъа а цхьанна а ца тосаделлера цуьнан дош шалхадаьлла. Даима бакъонна тIе гIерташ вара иза. Цу къилбанах ца туьлуш чекхвелира иза шен дахарехь.
1942-чу шарахь нохчийн ширачу юьртахь, Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь дуьнен чу ваьлла вара Вацуев Iабдулла. КIентан ши шо дацара вайнах лаъмаза махках бохучу муьрехь. Нохчийн къомо лайна харцо, хало, мацалла, гIело, шело лайна вара иза. Делахь а бераллехь дуьйна семачу хьекъалца, нуьцкъалчу амалца, хIайтаьлла хиларца къаьсташ волу кIант къар ца лора шен декъазчу къомана, цуьнца цхьаьна шена а тIехIуьттучу къаьхьачу халонашка. Иза тешара мел Iаьржа буьйса а цкъа мацца а чекхъериг хиларх, дашочу маьлхан зIаьнаршца адамийн дуьхна дегнаш хьостуш сирла Iуьйре йогIург хиларх. Казахстанехь вахара иза юккъерчу школе деша. Дика доьшуш вара Iабдулла, хьехархоша масална хIиттавора нийсархошна хьалха, кхуьнан амал мелла а шайна аьрха хетахь а. Хьехархой кхетара оцу аьрхаллин шен орамаш, бахьанаш хиларх. «Халкъан мостагIий» цIе тиллина, махках баьхна бара вайнах, Кавказера цхьадолу къаьмнаш а санна. Наггахь кегийрхошна юкъахь дош дашера даьлча, кхечу хIуманна шайн гуьнахь ца хилча, и Iовжаме Iоттар еш верг волура. Ткъа Вацуев Iабдулле и Iоттар лан ца лора. Иза, ши буй бой, лата чухьодура. Кхунна гергахь нохчийн къоме кхочуш цхьа а къам дацара. Нохчийн къам мокхазан берд бара кIантана гергахь, мел буьрса дарц, зуламе мох карзахбаларх яхь дIалур йоцуш. Цунах дуьйцура суьйранна чу гулбеллачара. Муьлхха а къамел хьалха даьллехь а, хийрачу махкахь нохчийн хабарш Кавказера лекхачу лаьмнех, сийначу хьаннех, шийлачу шовданех хьерчаш хуьлура даима. Кхиъна вогIучу Iабдуллин Iаламат чIогIа самукъадолура цу къамелех. Къаьсттина самукъдолура суьйранна чу гулбеллачу къаноша халкъан бартакхолларалла юьйцуш. Къоман турпалаллин иллеша дозаллех дузура цуьнан къона дог, ойла тIома йоккхура, дахаре безам чIагIбора. ТIаккха иза воккхавера нохчийн къомах ша схьаваьлла хиларх, цуьнан дуьхьа ваха, ваца лаам кхоллалора, сирлачу сатийсамаша ховха синхаамаш хьоьстура.
1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо елира. Нохч-ГIалг1айчу цIабирзинчу вайнехан хьалхарчу могIарехь бара ВацуевгIар а. Юккъера школа ГIойтIахь чекхъяьккхира, тIаьхьу махкахь гIараваьлла историк хинволчу жимчу стага. Ша схьаваьллачу къоман, мел къаьхьа делахь а ма-дарра дIадаьлларг хаа лааро валийра Ростов гIаларчу университете. Историн факультет яра цо деша билгалъяьккхинарг. Кхиамца зиэрех чекхваьлла, Дела воцчуьнгара, цхьаьнггара гIо-накъосталла доцуш, лакхарчу дешаран кхерча дIатасавелира хьуьнаре жима стаг 1960-чу шарахь. Хала зама яра иза. Казахстанера цIабирзина нохчийн шайна чуберза лаппагIанаш вовшахъетташ бара. Юьртахь болх-некъ бацара. Хьаналчу рицкъанах хене буьйлучу нехан таронаш ледара яра. Кхечу гIаланашкахь доьшуш болчу студенташна ахчанца гIо дан деза аьлла цхьанна а дага ца догIура. Цундела Iаламат хала хилла цу муьрехь Iилманах тийсабеллачу вайн кегийрхошна. Стипенди кIиране ца долура, ткъа юург массарна, массо хенахь езаш ю. Цхьа аьтто бара Ростов гIалахь доьшуш болчу вайн студентийн. Цигахь буса яссо шортта вагонаш хуьлура, ткъа уьш яссийча хене валлал кепекаш кховдайора. Ткъа цара студентийн къелла нахала ца волуш дIакхехьа гIо-накъосталла дора. Иштта дешнера Вацуев Iабдуллас, кIорггера Iилма Iамийча халкъана, махкана ша пайдехь хиларе сатесна. Делахь а зама дукха луьра яра, муьлххачу стеган а лаамаш, таронаш гал-морзах йохур йолуш.
Ростов гIалара университет чекхъяьккхина цIавирзина Вацуев Iабдулла Нохч-ГIалгIайн республикин Iилманан-талламан институте балха хIоьттира. Юьхьанца Iаламат сутара балхана тIевуьйлира иза. Цуьнан самукъадолура архивашкара шира тептарш кегош, къоман историн къайленаш йостуш. Цу заманахь ша вехаш санна воккхавера къона Iилманча къоман толамах лаьцна доьшуш а, цунах лаьцна хастаме дош карийча а. Кийра цIе тухуш, дог Iовжадора къомана тIехь латтийначу Iазапах бакъдерг тептарш тIехь гучудаьлча. Замано а, ямартчу Iедало а хьуламе даьхьна и дериге а бакъдерш цхьана къепе дерзо лууш къахьоьгуш вара похIме историк. Амма дагахь доцуш советийн Iедалан векалша кхин цхьа ямартло юкъаяьккхира. Даржочу питанна коьртехь лаьтташ обкоман хьалхара секретарь Власов Александр Владимирович волуш. Цуьнан лаамийн геланча хилла араваьлла Iилманча Виталий Борисович Виноградов вара. Зурманахь цара дуьйцург Нохчийчоь шен лаамехь Россех дIакхетта ши бIе шо кхачар дара. Шуна тайнарг тхуна тайна ду бохуш царна тIаьхьа хIиттина лайн амалшка дирзина дукха адамаш дара. Амма Нохчийчоь цкъа а ца хилла къонахашна къоьлла йолуш. Иштта Iедалан тIегIанехь юкъаяьккхинчу харцонна дуьхьалбовла къонахий карийра вайн махкахь а. Царах цхьаъ вара Вацуев Iабдулла. Музаев Мохьмад, Вагапов Якъуб, Вацуев Iабдулла цхьана озехь дуьхьалвелира даррехь йолчу цу харцонна. Нохчийн къоман чолхечу историна тIе харцонан кирхьа ийзор хетара царна, Виноградов хьалха ваьккхина Iедало даржош долу питане эладит. Къоман иэсана тIе Iеха тасийта текхош таьжгинаш яра уьш. Кийрахь дог долчу нохчичо тIелаца йиш йолуш эладит дацара. Цундела и харцо чекх ца ялийта шайн йолчу таронца дуьхьала тийсалора хIорш. ТIаьхьо шайна и гIуллакх бале дер дуйла хуъушехь. Iедалан векалша цаьрца дукха къамелаш дира, кхерамаш тийсира, балхара дIа а бехира. Амма уьш къар-м ца белира. Мел луьра таIзар шайна дарх. Вацуев Iабдулла-м цкъа чувоьллира, доцу бахьана лехна, мелла а набахтехь хан яьккхира цо. Цул тIаьхьа дукха лийлира цхьанхьа балха дIа ца оьцуш. Хьалха хиллачу белхан накъосташа пе тухуш меттиг йогIура. ХIинццалц кхаьрца уьйр-марзо латтийна цхьаболу пекъарш салам дала ца хIуьттура. Делахь а оцу кхаа къонахчуьнгахь доьналла хилира шаьш бохучунна тIера ца вала. Уьш дика кхетара луьрачу къийсаман хьаьттахь цхьалха велахь а, шаьш кхоъ бакъон тIехь лаьтташ хиларх. Иза дара царна деза, мехала. Сема ладугIуш, уьш тергалбеш хиллачу къомана синбIов хилла дIахIоьттинарг а. БIешерийн кIоргенера цу замане кхаччалц Iазап токхуш схьадеанчу нохчийн халкъана гергахь турпалхой бара и яхь йолу кIентий, Iедало охьатаIийна цкъачунна деэшна белахь а. «Уроки чеченского…» цIе йолчу шен книги тIехь дуккха а шерашкахь вайн махкахь болх бинчу журналиста Катышева Марияс дика яздо цунах.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран чаккхенехь кхин цкъа а шен нуьцкъала амал гайтира Вацуев Iабдуллас. Иза дагахь доцуш къоман журналистике кхечира. Цуьнан а цхьа ша тайпа бахьанаш дара. Iедалх тасаеллачу екхаргаша Нохчийчоь къинхетамза дIасаийзо йолийча юьстахваьлла ца Iавелира са майра долу кIант. Ха хорцучу заманан сиркхонаш Нохчийчохь болчу шуьйрачу хаамийн гIирсех хьакхаеллера. 70 шарахь зорбане дийлина «Грозненский рабочий» цIе йолу газет хорша еача санна иэго долийра. Редакцин коллектив екъаеллера. Цхьаболчарна соьмах къилба дина, хIоьттинчу «Iедална» муьтIахь болуш болх бан лаьара. Ткъа вуьйш бакъболчу журналистийн декхаршна, цуьнца цхьаьна бакъонна тIе гIертара. Эххар а редакци шина декъе екъаелира. «Голос Чеченской Республики» цIе йолуш кхолладеллачу газетан коьрте Вацуев Iабдулла хIоьттира. Хьалха «Грозненский рабочий» газетехь болх бина тоьлла журналисташ «Голосе…» сехьа бевлира. Вацуев Iабдулла вовзар, везар, цунах журналисташ тешаш хиларан къегина тоьшалла ду иза. Цунах бIобулуш хилар а ду. Дика куьйгалхо вара иза. Цу чолхечу заманахь шен журналистийн Iуналла дан а, церан дола дан а доьналла дара цуьнгахь. Цхьанах озалуш вацара, мел яккхий цIерш даржех тасабеллачу наха шена тахкарх. Цундела белхан накъостийн дегнашкахь еххачу хенахь даха дисина цуьнан сирла амат. Иза вуьззина нохчийн къонах вара, къамелаца, дечу гIуллакхца, яхь йолуш, къоман хиндолчунна саготта хиларца.
Нохчийчу къинхетамза хьалхара тIом кхерстича Соьлжа-ГIалахь вара Вацуев Iабдулла. Цхьана дийнахь а махкара ара ца велира. ТIеман кхийсарш луьста евлича доьзал ГIойтIа хьала бигна, ша Нохчийн Республикин коьртачу шахьарехь сецира журналист. И кхийсарш нилха евлича уггаре а хьалха «Голос Чеченской Республики» газет 1995-чу шеран апрелан хьалхарчу деношкахь зорбане даьккхира цо. Вайн къомана тIебоьссинчу балех бара коьртачу декъана газетан чулацам. Кхечу агIор иза хуьлийла дацара. Вацуев Iабдулла къоман кIант вара халкъан гIайгIанаш шен экамчу сица луьттуш, цIийца лозуш. Цхьана а дийнахь болх бечуьра сецна вацара иза. ТIамо Нохчийн Республикин Зорбанан ЦIа дохийча, «Дом актера» олуш хиллачу гIишло чохь цкъачунна дIатарйинера цо газетан редакци. Дийнахь а, буса а дукха хьолахь балха тIехь хуьлура редактор. Къизачу лазаро лоцуш а балха тIехь вара Вацуев Iабдулла. ХIетахь иза къарван дуьнен чохь хIумма а дац аьлла хетара. Сихха товелла балха араваларе сатуьйсура. Делахь а Веза-Воккхачу Делан йоза кхечу агIор хилла-кх. БерхIийтта шаре дахделира дагахь доцуш Iабдуллех кхетта лазар. Чуьра ара ца валалуш, меттахь висира иза. ШолгIа тIом болалуш йоIарша Москва дIавигира шайн да. Делахь а Вацуев Iабдулла вевза-везачара сатуьйсура иза товелла цIаверзаре, Делан диканах дог дилла ца лууш. Амма кху шеран 9-чу октябрехь шийла кхаъ кхечира Москвара Вацуев Iабдулла дIаваьлла аьлла. Дукха адамийн дегнаш Iовжийра ирча хабар схьахезча. 2015-чу шеран 12-чу октябрехь ГIойтIахь дIавоьллира нохчийн яхьйолу кIант. Халкъана, махкана боккха иэшам бу, доьналлех ца вухуш дахарехула чекхваьлла и тайпа къонах вайх дIакъастар. Дала гечдойла цунна! Дала ийманца собар лойла цу бохаман дакъа мел долчунна!
Газиева Аза
№118, 22 октябрь, 2015 шо