ЖКХ-ца доьзна хаарш лакхадахаран гIуллакхаш

Нохчийн Республикехь «Ерригроссин ЖКХ-н диктант» а, социальни «ЖЭКА» ловзаран презентаци а дIаяьхьира кху деношкахь.017

ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь терго еш йолчу «ЖКХ Контроль» къоман туьшан а, ХIусамийн-коммунальни бахамна реформировани ярна накъосталла даран фондан а векалш баьхкинера Нохчийчу.

Шайн белхан программа дIайолош Нохчийн Республикин ХIусамийн-коммунальни бахаман министерствон урхаллин компанийн хьаькамашца а, ТСЖ-н куьйгалхошца а кхеташо дIаяьхьира цара.

Республикин гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министра Айдамиров Асламбека билгалдаьккхира бахархойн Iедалан органашка хуьлу 70 процент  хаттарш ЖКХ-ца доьзна хилар а, цу декъехь дIахьош боккха болх хилар а. «Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIусамийн-коммунальни бахамца боьзна болу болх шен тидамехь латтош бу цул сов республикин бахархошна бакъонаш хаар совдаккхарехь а, хIусамийн-коммунальни комплексан лаккхара корматалла йолу говзанчаш кхиорехь а беш дуккха а белхаш бу», — элира цо.

«Единая Россия» партин «Говзачу хьаштхочун школа аьлла йолу проект кхочушъярах лаьцна дийцира, цу проектан регионан куьйгалхочо, «Единая Россия» партин куьйгалхочун заместитела Истамулов Ильяса. Беш болу а, бан лерина а белхаш бовзийтира цо.

Цул тIаьхьа, «ХIусамийн-коммунальни бахаман реформировани ярна накъосталла даран фондан» пачхьалкхан корпорацин коьртачу директоран хьехамчас Гришина Ольгас Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу гимназин дешархошца «ЖЭКА» онлайн-ловзаран презентаци дIаяьхьира.

– «ЖЭКА» ловзар Россин Федерацин 44 регионехь  д1адолийна, СКФО-хь Нохчийн Республика хьалхарниг ю. «ЖЭКА» ловзаро гIо дийр ду берашна, церан дай-наношна хIусамийн-коммунальни бахамах хаа мел оьшург а, тоькан, газан кхоам муха бан беза а, иштта дуккха а кхидерг а довзарехь,  – дийцира О.Гришинас.

Ловзарехь тоьллачу дешархошна планшеташ, телефонаш, кхидолу совгIаташ дира.

Цул тIаьхьа МЖКХ-н говзанчаша а, Соьлжа-ГIалин мэрин ЖКХ-н департаментан куьйгалхоша а «Ерригроссин ЖКХ-н диктантехь» дакъалецира. Иза дIахьош яра хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь юкъараллин терго латтош йолу «ЖКХ Контроль» къоман туш. 45 минотехь 30 хаттарна жоп дала дезара онлайн-тестехь. Дакъалацархоша дуккха а хаттаршна нийса жоьпаш делира.

ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь терго еш йолчу «ЖКХ Контроль» къоман туьшан гIуллакхаш кхочушдаран директора Разворотнева Светланас шайн туьшо беш болу болх бовзийтира дакъалацархошна. «Нохчийн говзанчаш дика чекхбевлира диктантах, церан дика хаарш хиллера ЖКХ-н декъехь, цунах самукъадаьлла дийкъира оха билгалбевллачарна сертификаташ», – билгалдаьккхира цо.

Шайн болх берзаш бахархой тишачу хIусамашкара д1акхалхоран региональни программин декъехь Нохчийчохь динчу цIеношка хьевсира хьеший.

Хь.АВХАДОВА

№118, 22 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: