Чинера полицейскеш – ГIалмакхойн махкахь
ЭЛИСТА. Масех де даьккхира кхузахь КНР-н Чоьхьарчу Монголин Автономни районан юкъараллин кхерамазаллин департаментан делегацис. Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн векалша цхьаьнакхетарш дIахьочу хенахь хьешашна довзийтира терроризмаца, сепаратизмаца, экстремизмаца, бакъо йоцуш наркотикаш, герз, хIоъ-молха дохкарца, кхидолчу зуламашца латточу къийсамехь шайна зеделларг.
ХьошалгIа баьхкинчу полицейскеша дIахаийтира Чоьхьарчу Монголин Автономни районан юкъараллин кхерамазаллин департаментана меттигерчу бакъонаш ларъярхошца цхьаьнагIуллакхаш дар кхидIа а чIагIдан, шордан лууш хилар. Хьеший тIеоьцуш къамел динчу ГIалмакхойн Республикехула волчу министра Мишагин Андрейс дIахаийтира оцу декъехь вовшашна довзийта шина а агIонан дуккха а хирг хилар. ХьошалгIа бахкарна КНР-н полицейскешна баркалла а олуш, цо дIахьедира тIейогIучу хенахь иштта уьйраш тIеттIа чIагIлуш дIагIуриг хиларх ша тешна хилар.
Берашна совгIат
ВЛАДИКАВКАЗ. Кхузахь чекхдаьккхина Тамаевн урамехь йолчу берийн бешана капитальни ремонт яр. Чохь масех гIаьтнаш долу маьнгеш хIиттор бахьанехь хIинца 80 бер тIеэца таро хир ю бешахь. Кертахь иштта йолуш ю беседкаш а, кхузаманахьлера берийн майданаш а.
Ма-дарра аьлча, юхайина иза. Цхьа шо хьалха кораш хуьйцучу хенахь гIишлон цхьа пен чукхийтира. ТIаккха сацам хилира шираниг дIа а яьккхина школе даха хан кхачаза долчу берийн керла учреждени ян. Беш схьайоьллуш цигахь дакъалоцуш хилла регионан правительствон председатель Битаров Вячеслав а, гIалин администрацин куьйгалхо Дзантиев Сергей а, дешаран а, Iилманан а министран декхарш кхочушдеш йолу Салбиева Зита а реза хилла бара динчу гIуллакхана. Цара баркалла элира берашна иштта совгIат динчу гIишлошъярхошна. ТIе тидам бахийтира бошмашкахь шайна меттигаш хиларе сатуьйсуш долчу берийн барам и беш гIуллакх дан йолаялар бахьанехь хаъал лахбина хиларна.
Хаамаш кечбинарг
– Л.МАГОМАЕВ
№118, 22 октябрь, 2015 шо
|