Тахана халкъ маьрша даха лууш ду

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь пресс-конференци дIаяьхьира вайн махкарчу а, дозанал арахьарчу а журналисташца. Кхидолчу мехалчу гIуллакхашца цхьаьна цо дийцира Нохчийчохь терроризмаца а, экстремизмаца а йоьзна йолчу бахархойн дог-ойланах лаьцна а.

Вайн республикехь жигара къийсам латтабо терроризмана а экстремизмана а, наркоманина а, коррупцина а дуьхьал. Совцадо церан гучудийларш. Бахархошна юкъахь шуьйра д1ахьо ийманехь, г1иллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран болх. Цо шен дика т1аьхьенаш а ло. Халкъо лайна масех т1ом, цуьнан зулам, баланаш. Цунна ца лаьа нохчийчу юха а т1ом бог1ийла. Цундела цо берриге а г1ирсашца ша жигара дакъалоцу терроризмана а, экстремизмна а дуьхьал д1ахьочу къийсамехь.

Карарчу хенахь Шемахь, Иракехь цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь а дIахьош бу Россехь йихкина йолчу «Иблисан пачхьалкх» шех олуш йолчунна дуьхьал буьрса тIом. Халахеташ делахь а, вайн республикехь а нисло оцу зуламечу организацехьа гIодохурш а, цуьнца цхьаьна пачхьалкхийн законехь долчу Iедалшца тIом бан хIуьттурш а. Цаьрца луьра къийсам латтабо Россехь а, вайн республикехь а. Нохчийчохь и къийсам цхьана декъана аттачубоккху оцу харц новкъа хIуьттучеран гергарчара «Иблисан пачхьалкхан» дIакхета луурш шаьш бакъонаш ларъяран органашка дIалуш хиларо.

«Нохчийн Республикехь хала дац «Иблисан пачхьалкхах» дIакхета ойла йолуш берш билгалбаха, хIунда аьлча, шайна иза тосаделча, церан гергарчу наха церан дагахь долчух, лаьцна тхоьга хаам беш хиларна», – элира Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира террористех дIакхета гIерташ болчаьрца иштта юкъаметтигаш хиларан бахьана халкъана ша тIамна юха а юкъаозадойла лууш цахилар ду, аьлла.

«Халкъо шен харжам бина. Цунна ца лаьа тIом юха а чубогIийла. Бахархошна гуш ду Шемахь, Иракехь долу хьал. Цундела нохчашна чIогIа ца еза терроризм а, экстремизм а», – билгалдаьккхира цо.

Кадыров Рамзана иштта дийцира тIаьххьарлерчу статистически хаамех лаьцна. 98 процент бахархошна гIолоцу террористашна дуьхьал латточу къийсаман. Тахана халкъ маьрша даха лууш ду. Цул сов, 98,3 процент болчара къобалбо къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехь бен болх. Цундела дIадаханчу шерашкахьчул вайна атта ду тахана болх бан.

М.РУСЛАНОВ

№118, 22 октябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: