Толамхой билгалбевлла

Соьлжа-ГIалахь шен болх берзийна гоьваьллачу хелхарчин, СССР-н халкъан артистан Эсамбаев Махьмудан цIарахчу хелхаран дуьненаюкъарчу VII-чу фестиваль-конкурсоIMG_9213

Нохчийн Республикин культурин министерствос вовшахтоьхначу фестиваль-конкурсан коьрта Iалашо яра дуьненан халкъийн хелхаран искусство шуьйра яржор, тIекхуьучу къоначу чкъурехь цуьнга шовкъ кхиор, дерриге а дуьненахь  дика вевзачу хелхарчин, СССР-н халкъан артистан Эсамбаев Махьмудан кхолларалла йовзийтар, ткъа иштта кхоллараллин коллективийн уьйраш чIагIъяр.

Шо шаре даларца шорлуш бу хIинца ламасте йирзинчу фестиваль-конкурсан дакъалацархойн барам. Иштта, 2010-чу шарахь дIаяьхьначу II-чу фестивалехь дакъалаьцнарг 40 артист хиллехь, VII-чу фестиваль-конкурсехь дакъалоцуш вара Россин 19 регионера а, дуьненан 8 пачхьалкхера а 96 стаг.

Даздаран хьолехь фестиваль схьайоьллуш вистхиллачу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хожа-Баудис, хьешашка маршалла а хоттуш, билгалдаьккхира республикехь иштта маьIне фестивалаш дIаяхьар Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана культура кхиоран г1уллакхаш шен къаьсттинчу тидамехь латторан беркате тIаьхье хилар.

Конкурсан жюрин председатель яра «Балет» журналан коьрта редактор, Россин Федерацин искусствийн хьакъйолу деятель Уральская Валерия. Цо элира:

– ХIинца ворхIазлагIа вовшахкхетта вай нохчийн лаьтта тIехь сийлахь Эсамбаев Махьмуд дагалаца. Хелхаран искусствон са дара иза, шен дерриге а дахар цунна дIаделла, цунна хаьара хелхарца къаьмнийн башхаллаш вайна гайта. Со йоккхае тахана юха а шуьца цхьаьна хиларх. Къаьсттина а хазахеташ ду республикин куьйгалло культура кхиоран иштта йоккха терго еш хилар, вайна – кхоллараллин нахана – чIогIа деза ду иза.

«Вайнах» концертийн залехь шина дийнахь къийсабелира хелхарчаш а, хелхаран тобанаш а толаман меттигаш яха гIерташ. Къийсадаларш шина номинацехь дIадаьхьира: «Къоман хелхар» а, «Вайн заманан хелхар» а. Къастам бан мел хала хиллехь а, жюрис билгалбехира толамхой. Бакъду, хIора совгIатан меттиг масех толамхочунна екъа дийзира. Цо гойту конкурсан дакъалацархой корматалле хелхарчаш хилла хилар.

КхоалгIа меттиг йийкъира Мунасыпова Сабинас – Беларусь Республика, Волкова Владас, Стеценко Олега – Г1ирма Республика, Стояренко Александрас – Калужски область, Авторханов Абумуслима – Нохчийн Республика, Кумышева Заринас, Коготыжев Аскера, Магомедов Мохьмада, Токлуев Алима – ГIебартойн-Балкхаройн Республика, Джафарова Лалес, Казиханова Рагимата, Гусейнов Рафис, Таджибов Вадима – Дагестан Республика. ШолгIачу меттехь вара Маргарян Ваагна Эрмалойн Республика, Басыров Рудамир – Башкаркостан Республика, Нартаев Джапар, Хатуев Зеламха, Талаев Юнади, Алхастов Iела – Нохчийн Республика. Хьалхара меттиг кхечира Иддиева Наргизана – Таджикистан Республика, Микоян Артурна – Калужски область, Бамбарыков Владимирна, Ушанов Санална, Бадмаев Баирна, Оконов Климентийна – ГIалмакхойн Республика. Фестивалан-конкурсан коьрта совгIат – Гран-при – Беларусь Республикерчу Микель Сергейна а, Подольская Еленина а делира.

«Корматаллин говзаллина» («За профессиональное мастерство») жюрин леррина совгIат нохчийн хелхарчийн тобанна делира (Авторханов Абумуслим, Эсаев Рахьим, Хасаев Ислам, Жабраилов Тимур, Демельханов Абу). Хьовсархойн озабезаман совгIатца билгалъяьккхира Краснодарски крайра Дениева Олеся. Нохчийн Республикин культурин министран леррина совгIат делира Г1ирма Республикин векалшна (Велишаев Эльвир,  Кадыров Билял, Аблаев Джемаль, Мустафаев Руслан). Цул сов, хIора дакъалацархочунна делира фестиваль-конкурсехь дакъалацархочун диплом.

Толамхошна совгIаташ дIа а луш, М.Эсамбаевн цIарах хелхаран фестиваль-конкурсо ерзоран даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Конкурсан толамхой декъал а беш, Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира М.Эсамбаевн цIарах фестиваль д1аяхьар доккхачу маьIне гIуллакх хилар. Даггара баркалла элира вовшахтохараллин комитетана, къаьсттина, жюрин председательна Уральская Валерияна.

Фестиваль ерзийра толамхойн гала-концертаца.

М.Эсамбаевн цIарах йолу хелхаран дуьненаюкъара VII-чу фестиваль-конкурс чекхъяьлла, шайн-шайн цIа дIасабахна цуьнан дакъалацархой. Цара шайца толамхойн а, дакъалацархойн а дипломаш даьхьна ца Iа, цара шайца яьхьна Нохчийчоьнах йолу дика, сирла ойланаш, керла кхолладеллачу доттагIаллин марзонаш, тIедогIучу шарахь хир йолчу VIII-чу фестивале- конкурсе кхача болу сатийсамаш а.

Хь.АБАЕВ  

№118, 22 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: