Цхьа-ши дош…

 

Истамбулан (Хонкара) полицис йохийна  дIаяьккхина бераш Iамош йолу «Иблисан  пачхьалкхан» туш. Цигахь харц дин хьехна  ца  Iаш, берашна  герз тоха а Iамош хилла.

***

Россин кеманаша тохарш дина тIаьхьарчу шина дийнахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн тIеман 50 сов объект, чIагIо йохийна. Террористаш зударийн духарш тIе а духуш, дIасаида бевлла.

***

Шеман Iедалан эскарша дIахьош ду Дамаск шахьарна уллехь йолчу Джабар гIалахь болчу «Иблисан пачхьалкхан» террористашна кхиамца тIелетарш дар.

***

Израилан кхерамазаллин службаша схьалаьцна ХАМАС боламан куьйгалхо  Хьасан Юсуф.

***

ОвгIанерчу талибаша хIокху деношкахь тIамца  схьаяьккхина махкара яккхийчех цхьа юрт. Уьш цигара лахка кечлуш ду Iедалан эскарш.

***

НАТО-н эскараш тIеман Iамораш дIахьош ду къилба Европехь. Цигахь дакъалоцуш ю бронетехника, авиаци.

***

ХIара шо доладелчахьана  Африкин  а, Герггарчу Малхбален а пачхьалкхашкара Европе  схьавеана лаххара а 650 эзар мигрант. Уьш хIинца  а денна схьаоьхуш бу.

***

Минскехь хиллачу бартаца нийса а догIуш,  Донецкан Iедало дIахьош ду фронт лаьттинчу зилера  даккхий герзаш а, бронетехника а юхаяккхар.

***

Украинерчу авиакомпанеша Россига дехар дина Iаьнан муьрехь шайга Россин гIаланашка кеманийн рейсаш яйтахьара аьлла. Оцу дехаре хьожуш бу вайн мехкан авиакомпанийн куьйгалхой.

***

Кремлехь дIадаьхьира мехкан герзашца кечбинчу ницкъийн лаккхарчу даржашка хIиттийна инарлаш Россин Президентана  бовзийтар. Царна  хьалха къамел дира В.Путина.

***

Россин Правительствос кхана Пачхьалкхан Думехь йийцаре яйта  дIалур ю 2016-чу шарна  йолу мехкан бюджет.

***

Московски областерчу Красногорскехь бизнесмена А.Георгадзес виъ стаг вийна. Иза къайлаваьлла. Зулам  динарг  волу меттиг йийцинчунна  айкхаллина 1 миллион  сом кхайкхийна

№118, 22 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: