Мекхаш ас шардийр дара…
Даккхий, нисделла мекхаш долуш хилла БаIис чухиъначу таксин водитель. Мекхех воккхавуьйш, руль дIа а хоьций, шина а куьйга мекхаш шардан хIуттуш хилла иза, хьалхарчу куьзгана а хьоьжуш. Шен лааме йолий, машен некъана пурхала дIасахьодуш хилла.
Таксиста лелош дерг кIордийначу БаIиса аьлла:
– Накъост, ахь руль дIалацахьара, и хьан мекхаш ас шардийр дар-кха.
ДIаваха хIунда гIерта?
– Хаймович, дийцахьа, хьо Израиле дIаваха хIунда гIерта? хаьттина БаIиса.
– Со-м дера ца гIерта, сан зуда ю-кх чIогIа дIаяха лууш.
– Вай, дIаяхийтахьа, йита а йитий.
– Ша цхьаъ дIайоьдийла доцуш хьийза иза. Цуьнан нана а ю цунна тIаьхьа тасаелла.
– ДIаяхийтахьа…
– Ас-м йохуьйтура. Сан стунваша а ву-кх царах ваьлла Iийр вац ша бохуш.
– Гуттар дика ду-кх. Уьш дIа а хьовсийна, хьуо Iийр ву-кх, ког хецна
– Иштта-м дара иза, делахь а…
– И хIун «делахь» ду?
– Со воцуш дIабоьлхийла ма дац церан.
– ХIунда?
– Царна юкъахь, со цхьаъ воцург кхин жуьгти ма вац!
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо