ХIусамнаношна хиъча дика ду

Кухни чохь яахIума еш лелочу дечиган уьн тIехь, кхачанан лараш юьсу. Уьш  ца  хилийта , хица иэдинчу къонзица  кест-кеста цIандан  деза  у.

***

ЦIен дуган (гречка) худар  чомехь хилийта, иза кхехкош, дуганал шозза сов хи дотта деза. Дугана тIедоьттина хи дIахуддалц, яйна бухара цIе йоккха яккха еза, цул тIаьхьа – лагIъян еза. Новкъа хир дац кхехкачу цIечу дугана тIе боккха цхьа Iайг хьелийн даьтта диллича.

***

Ванна тIех дика цIанъялийта кальцинированни сода ( боккха 2 Iайг) кхачанан содица (боккха 2 Iайг) иэдина, ваннин чу хьакха деза. 5 минот яьлча, ванна йила а ца юьлуш, къонза (50 г), белизна (50 г) иэдина, цу чу хьакха деза. Ах сахьт даьлча ванна йила еза.

***

ЯахIума еш йолчу пилта тIера хьаналлех йисинчу хьоькхнашна тIе хьалха туьха дохка деза. Цхьажимма хан а ялийтина, цул тIаьхьа цIанъян еза пилта.

***

Куршканаш чохь чайнан, я кофен хьоькхнаш йисинехь, столовин къонзица дIадаха деза уьш.

***

Яйнашна, чайникашна чохь дисина тача дIадолу, царна чохь кока-кола кхехкийча. Иштта царна чуьра тача дIадолу Iежийн чIоьргаш  кхехкийча.

***

Чу хьокхуш болу нуй сиха вовшах ца балийта,  керла болуш,    чу туьха тесначу довхачу хи чу Iотта беза.

Йийбара куьзганашна тIе мозий ца ховшийта, царна тIе  хадийна хох хьакха беза.

Шкафа чохь зингатий ца гулдалийта, цу чу лимонан дакъа дилла деза.

Б.АМАЕВА

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: