Ахмадов Iумар, яздархо, драматург, вина 1927-чу шеран октябрь беттан 25-чу дийнахь Хьалха-Мартанахь. ТIех дика дешарца чекхъяьккхина Казахийн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультет. Белхаш бина «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан куьйгалхо), Нохч-ГIалгIайн радиохь (коьрта редактор), КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь (пропагандин, агитацин отделан инструктор), иштта кхечу меттигашкахь а.
«Даггара доттагIий», «Къоналла», «Тийна Малика» дицарийн, повестийн гуларийн а, Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан театро а, М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн пачхьалкхан театро а хIиттийначу «Хьоме нус», «КIотарара деца», «Хилаза ца ваьлла шайх» пьесийн а автор.
Кхалхар хилла 2002-чу шарахь
Айдамиров Абузар, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан яздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, вина 1933-чу шеран октябрь беттан 29-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштан Мескита юьртахь. Дешна Пишпекерчу юьртан бахаман техникумехь (кхалхийначохь), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, Горькийн цIарахчу Литературни институтан Лаккхарчу литературни курсашкахь.1957-чу шарахь дуьйна ша пенсе ваххалц Мескитарчу юккъерчу школехь хьехархо, директор волуш болх бина.
1989-чу шарахь СССР-н халкъан депутат хаьржина, 2004-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель лаьттина.
Дийцарийн, повестан хьалхара гулар зорбане яьлла 1961-чу шарахь. ХIетахь дуьйна 20 сов книга зорбане яьккхина цо. «Еха буьйсанаш»,«Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», иштта кхийолу цуьнан романаш, повесташ, дийцарш нохчийн литературина, нохчийн мотт Iалашбарна юкъайиллина йоккха хазна ю.
Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин сийлахь академик а вара А.Айдамиров.
Яздархочун кхалхар хилла 2005-чу шарахь.
Ибрагимов Лоьма (литературин псевдоним – Канташ), нохчийн поэт, яздархо, филологин Iилманийн кандидат, вина 1951-чу шеран октябрь беттан 29-чу дийнахь юккъерчу Азехь. ГIойтIара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Краснодарерчу лоьрийн институте деша воьду, амма 5-чу курсе ваьлча юьту иза, лоьралла шен гIуллакх доцийла хиъча. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь доьшу. Белхаш бина ГIойтIарчу юккъерчу школехь хьехархо волуш, нохчийн телевиденехь, «Орга», «Гоч» журналийн коьрта редактор волуш. Ма-дарра аьлча, «Гоч» журнал цуьнан дIадолорца диллина дара. 2006-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн академехь лакхарчу Iилманан белхахочун даржехь болх бина.
Нохчийн литературехь, жанран санна, афоризман бух биллинарг лоруш ву Лоьма. «Зиэрийн тидарш», «Психографи», «Куц-аларш», «Маржа дуьне» книгийн автор.
Кхалхар хилла карарчу шеран май беттан 14-чу дийнахь.
№119, 24 октябрь, 2015 шо