ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIаяьхьира «Эсклюзивни дешаран хьелашкахь бIаьрса ледара долу бераш Iаморан а, кхетош-кхиоран а, белхан методаш а, кепаш а» темина лерина семинар. Цигахь дакъалецира БIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берашна леринчу (коррекционни) школа-интернатан директора Гайрбеков Аюба, республикин «Хьехархо» газетан коьртачу редактора Цуруев Шамхана, кхечара. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос лакхахь хьахийначу коррекционни школа-интернатаца цхьаьна вовшахтоьхна яра и семинар.
Семинаран коьрта Iалашо яра 2016-чу шеран 1-чу сентябрехь дуьйна вайн республикин хIора школехь бIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берийн деша йиш хилар дIахаийтар.
Цу хьокъехь дерг дуьйцуш къамел дира Гайрбеков Аюба: «БIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берашца болх бан безар бу шун 2016-чу шарахь дуьйна. Цундела хIинцале кечамаш бан дуьйладала дезар ду шун. Школа-интернатехь йовзуьйтур ю шуна ишттачу берашца урокаш дIаяхьаран кеп. ТIаккха мелла а атта хир ду шуна», – элира цо.
Семинаран дакъалацархойн шайна хаа луург хатта таро хилира. Оцу хаттаршна юкъахь дара ишттаниг а: «БIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берана хьеха Брайлан шрифт хууш хила везаш хилча, йоццачу хенахь Iемар буй-те хьехархой?» Оцу хаттарна А.Гайрбековс иштта жоп делира:
«Цхьа хало йоцуш хIумма а дац, Iамалур доцуш а дац хIумма а. Цундела Брайлан шрифтаца берашна хьеха Iамабеза хьехархой. ХIора классехь бIаьрса доцу я иза ледара долу цхьацца бер бен хир дац. Цуьнца ларавон веза массо а хьехархо».
БIаьрса доцчу я иза ледара долчу берашца болх бан волавалле хIора а хьехархочо билгалъяьккхина 4 программа караерзон еза.
Юкъарадешаран школашкахь деша йиш хирг хиларх хаза кхаъ хилла бIаьрса доцчу а, иза ледара долчу а берашна а, церан дай-наношна а. Цкъа делахь, шайн нийсархошца цхьаьна деша таро хир ю церан, юха юкъарадешаран школехь дешна аттестат схьаэца йиш а хир ю. Цул тIаьхьа, дахарехь шайн некъ лаха атта хир ду царна.
Кхул т1аьхьа шаьш бан безачу кечамах дерг вовшашна дуьйцуш дIабаьхьира дакъалацархоша семинаран болх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь:
Семинаран дакъалацархой
№119, 24 октябрь, 2015 шо