Нийсо туьйлира

photo-03-groznyiy-russiaКху шеран 23-чу февралехь 70 шо кхочу нохчийн халкъ, гIалгIайн а, кхарачойн а, балакхаройн а, гIалмакххойн а, кхечу а халкъашца цхьаьна, цхьа а бехк а боцуш, махках даьккхина, Казахстане а, Юккъерчу Азин кхечу республикашка а дIадахийтина. Халкъаш цига дIадахийтина ца Iаш, юьртара юьрта, гIалара гIала дIасадаха йиш йоцуш, баккхий бехкамаш бира царна. Амма халкъ къарделла, цIадахкаран ойла дIатесна ца Iийра. Цигахь ши нохчи вовшахкхетча, вовшашка могаш-паргIат хаттале уггаре а хьалха хоттура: «Вай цIадохуьйту ца боху? Уггаре а чIогIа лан халаниг дара боцчу бехкан халкъ бехкедар.

Бакъду, 1953-чу шарахь халкъийн чалтача Сталин веллачул а, цуьнан хьадалчаш Берия, Меркулов, Серов, цаьрга терра кхиберш а дIабевллачул а тIаьхьа мелла а малъелира махках даьхна, хиллачу халкъашца йолу Iедалан юкъаметтигаш. Масала, 1956-чу шеран февралехь хиллачу халкъаш цхьа а бехк боцуш, махках дахар а, Сталин вазвеш хестор а бехкединчу КПСС-н XX-чу съездехь партин ЦК-н хьалхарчу секретара Н.С.Хрущевс билгалдаьккхира: «Кхеташ дац цхьаццаболчу нехан, я ша къаьстина йолчу тобанан мостагIаллин гIуллакхех долу жоьпалла дийнна халкъашна, царна юкъахь зударшна а, берашна а, баккхийчу нахана а тIе а диллина, царна даккхий таIзарш дар а, царна ницкъ бар а, хьийзор а».

Гуш дара халкъаш бехк боцуш махках даьхна хилар а, церан бакъонаш метта ца хIитто цхьа а бахьана цахилар а. Халкъана хала киртиг тIехIоьттича, иза гуттар а хуьлуш ма-хиллара, оцу гIуллакхана юкъйихкина, хьалхабевлира къоман интеллигенцин векалш. Хьалхабевллачарна юкъахь бара нохчийн, гIалгIайн халкъашна юкъахь дика бевзаш болу нах: Асхабов Нажмудди; Мальсагов ТугIан, Мальсагов Зиявди, Гайрбеков Муслим, Чентиева Марем, Магомаев Хасмохьмад, Тепсаев Iабдулхьамид, кхиберш а. Царна «ДIадолоран тоба» аьлла цIе тиллира. Оцу муьрехь боккха болх бира тобано. Халкъан векалша республика меттахIотторан хьокъехь долу гIуллакх дуккхазза а дийцаре дира коммунистически партин а, мехкан а куьйгалхошца. Дакъалецира Нохч-ГIалгIайн Республика а, нохчийн, гIалгIайн халкъийн бакъонаш а меттахIитторан хьокъехь долу гIуллакх дийцаре деш, I956-чу шарахь Москвахь, КПСС-н ЦК-хь хиллачу кхеташонехь.

1956-чу шеран аьхка Алма-Ата веара КПСС-н ЦК-н хьалхара секретарь Н.С.Хрущев. ХIетахь цигахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь кечйина, республика меттахIоттор деха  цунна тIеяхийтира нохчийн кхо зуда: республикехь евзаш хилла поэтесса Ахматова Раиса, редакцин белхахо Бакашева Раиса, Казахстанан профсоюзийн Советан белхахо Нинциева Нина. Зударий тIе а эцна, Н.С.Хрущевс догкхоийна, «Сих мало, хир ю шуна шайн Кавказ!» аьлла схьабахкийтира уьш. Цунах боккха кхаъ хилира цIа сатуьйсуш долчу халкъана. Ала деза хIетахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газето Нохч-ГIалгIайн Республика а, халкъан бакъонаш а меттахIитторна йоккха хазна юкъайиллина хилар.

ТIаьххьара а, 1956-чу шеран 24-чу ноябрехь боккха кхаъ кхечира махках даьхна хиллачу халкъашка. Цу дийнахь тIеийцира цIерадаьхначу халкъийн автономи меттахIотторан хьокъехь болу КПСС-н ЦК-н сацам. Ткъа 1957-чу шеран 9-чу январехь араделира Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ.

Иза боккха кхаъ, дицлур доцу  доккха хазахетар хилла тIеийцира цIерадаьхна хиллачу халкъаша. Кхочушхилира цара халонаш, шелонаш, сийдайъар, баланаш ловш, дехачу кхойтта шарахь сатийсинарг. Адамаша вовшашка кхаьънаш  дохура, вовшийн декъаледора. Нехан хIусамашкахь мовладаш доьшура, доIанаш дора, Далла хастамаш бора. Дуккха а нах боьлхура. Ловзарш дора. Иза халкъан юкъара доккха деза де, хазахетар дара.

Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь долчу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указана тIе а доьгIна, РСФР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца вовшахтуьйхира республика меттахIотторан а, цIерабаьхна хилла нах Даймахка юхаберзоран а Вовшахтохараллин комитет. Цул тIаьхьа бакъо елларш цIаэха буьйлабелира. Бакъду, нах цIабахкар а доза тоьхна дара. Ткъа Даймахка юхабаькинарш а шаьш хьалха бехаш хиллачу меттигашка ца бохуьйтуш, дукхах берш Невран а, Шелковски а районашка дIаэхийтира. Ткъа шайн ярташка юхаберза таро хилла наггахь берш а шайн хIусамаш юха ца луш, я уьш теттина мах белла, юхаэца, я девнаца къийса дезаш хуьлура. Дукха хьолахь оцу гIуллакхан тIаьхье шен хIусаме юхаверза гIоьртинчунна бохаме йоьрзура. Бакъду, цу хенахь иза башха гуш дацара. Коьртаниг дара халкъан бакъонаш меттахIиттор, иза шен Даймахка юхадерзар.

С.МАГОМАЕВ,

«Къинхьегаман байракх»

газетан хилла белхахо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: