Ойсхарарчу исбаьхьаллин училище ша деша воьдуш (2004-чу шарахь ду иза), Абдуллаев Артурна дагахь а дацара сурт дилларх шен дахаран некъ хир бу бохург. Берахь дуьйна суьрташ дахкар дезаш хиларний, дешаран учреждени шайн юьртана Хошкалдана генахь цахиларний хир дар-кха цо иза харжар, вахар-вар атта ма дацара хIетахь.
Хено гайтира хьехархо бакъ хилла хилар. 2010-чу шарахь тIех дика дешарца институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, цигахь балхахь вуьту Артур. 2013-чу шарахь Россин художникийн союзан декъашхо хуьлу къоначу суьрташдахкархочух. Йоццачу хенахь иза лараво Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Ростовехь, Ставрополехь, кхечу гIаланашкахь, ткъа иштта Румынехь хиллачу 17 гайтамехь дакъалаца. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, цунна совгIаташ дина Россин а, Нохчийн Республикин а культурийн министерствийн а, Россин художникийн союзан правленин а Сийлаллин грамоташца, дипломашца. 
Карарчу хенахь Россин художникийн союзан Нохчийн региональни отделенин председателан заместитель ву иза. Оцу дерригено а тоьшалла до Абдуллаев Артурна суьрташ дахкарехь билггал а шен дахаран некъ карийна хиларна. Тахана оха шуна довзуьйту бIе гергга долчу цуьнан суьртех шиъ.
Хь.АБАЕВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо