Шех ала дика дош дуьтуш дIавахнарг
Дала цхьа хан а лой дуьнен чу долуш ду хIора а адам. Цуьнан дахаран «цхьамза» мичахь соцур бу, цо хьенан дог Iовжор ду ца хаьа цхьанна а. Цхьаверг дIавоьду шех ала дитина дика дош доцуш, кхиверг – шех лаьцна дийца дуккха а диканиг долуш. Иштаниг (тIаьхьарниг) гергарчеран, вевза-везачеран дегнашкахь ваха вуьсу. Иштта, нахана вицлур воцуш, ненан дика кIант вара Ахмадов Исламбек. Иза дуьнен чу ваьлла 1983-чу шеран 28-чу июнехь. ЦIера Грозненски районерчу Йоккхачу АтагIара вара, Iаш – Соьлжа-ГIалахь. Юкъарадешаран школа кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа иза деша вахара Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан технически университете. Дешарна юкъах а ца волуш, «Юг-авто» организацехь болх беш вара Исламбек. Цуьнца доьзна некъаца денна дIасаваха дезаш хуьлура.
ХIокху шеран 7-чу мартехь, иштта некъаца схьавогIуш, дагахь доцург хилира: некъан бохамехь кхелхира иза. Байлахь дисира дех марзо эца кхиъна доцу ши кIант а, йоI а. Хала дара тIедеана вуон лан. Иза лалур ду аьлла а ца хетара. Делахь а АхмадовгIеран доьзалан ийман хилира Делан кхиэл собарца тIеэца. Амма ненан дог Iийжачуьра, доьлхучуьра соцуш дац. Атта дац дукха хьалхе Эхарта вирзинчу кIантана доьлху дог тедан. Цуьнан бIаьргашна хьалхара дIа ца долу Исламбекан хьоме аматаш, лерехь дека цуьнан хаза аз, иэсехь карладуьйлу кIентан хаза гIиллакхаш.
ХIоразза а, ша цхьанхьара цIа веача: «Нана, со чувеана хьуна», – олура цо. Амма хIинца ца йоьллу кIанта неI, нене вист ца хуьлу, нанас неI мел чIогIа ларъярх а. Ша бакъдуьнена ерззалц ларйийр ю нанас и неI. Иштта ду-кх хIара дуьне. Вайна ца моьттург дой, Iожалло дIавуьгу-кх хьуна дагахь воццург, марзо эца ца вуьтуш… Беккъа цхьа синхьаам бу-кх цуьнан хIинца: Исламбекан бераш. Цаьргахь шен кIентан аматаш гаро Iехайо иза, церан аьзнех йоккхаейо.
Нанна санна, ша вевзаш-везаш хиллачеран дегнашкахь, иэсехь висина Исламбек. Цара кест-кеста хьахаво иза. Дуьйцу цуьнан хазачу гIиллакхех, оьздангаллех, синцIеналлех лоций. Нехан дегнашкахь а вуьсуш дIавахар валар дац. Декъал хилар ду. Ма елхалахь, нана!
Л.Киндарова,
«Вайнах» ГТРК
№119, 24 октябрь, 2015 шо