Дикалле кхочуш хIумма а дац

     Нахана юкъахь лелаш волу стаг лаккхара дешар дешна а, къорггера хаарш долуш а хила ца  оьшу дикаллин мах хадо а, цуьнан сийлалла а, цунах гуонахарчарна болу пайда  а бовза. Дала совйоккхийла вайгахь массаьргахь а, вайн эвлаяаша хестийна, воккхачуьнгахь а, жимачуьнгахь а чIогIа товш йолу,  дикалла.ЖОВЗАН

     Вайна ма-хаъара, дукха хан йоццуш ХьаьжцIа баханчуьра цIабирзина вайн махкахой. Дала хьаьж къобалдойла церан массеран а. Элистанжара сан дененан вешин зуда Чагаева Жовзан а яхана кху шарахь цу хьаьжойн ирсан декъа. Шел догцIена адам кхин хир дуй-те, аьлла, чIогIа дика стаг ю Жовзан. ХIинца-м балхо а, кхин цхьацца  гIуллакхаша а, новкъарло ярна, вовшашна  тIедахар а ма-луъу сих-сиха ца нисло, кегий долуш, каникулаш ларъеш хуьлура тхо цаьрга даха. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, тхайн нанас а ца хьистина тхо цо санна: бесни тIе, коьрта тIе барт боккхуш, «Дала дог дика дойла шун, ма бакъ даьхкир-кха  шу», бохуш, хазачу дешнашца тIеоьцура цо тхо.

7-чу октябрехь, кхаарийн дийнахь, Iуьйрре Соьлжа-Г1алара аэропорте  тхайн еза хьаьжо цIакхочуш цунна дуьхьал даханера тхо.  Схьакхаьчча, тхоьга сихха йистхилла яьлча, бIаьргашца цхьаъ лоьхура цо.

– ХIа-а,  схьадуьйлал, хIорш бу, – аьлла, – цо тхуна бовзийтира шеца цигахь хилла Ойсхарара БешировгIеран цхьа исбаьхьа доьзал: да 1убайд, цуьнан йиша Х1азан, нана  Рахьмат, ши йоI – Марьям, Медни. Церан а дойла хьаьж къобал.

Жовзана хазахетаран бIаьрхишца дуьйцура:

– Делан а дуьхьа, баккъал а ма ирс долуш стаг хета суна со тахана: алхьамдуллилахI, цкъа делахь, со дукха жима йолуш дуьйна ХьаьжцIа яха сан хилла лаам кхочушхили. Сан боцчу ницкъаца, сан доцчу хьекъалца, вайн  везачу Дала цу Дуьненан ялсаманехула, дог, бIаьрг  Iабош, лела а лелийти со, кху ДегIаста цIа а кхачий со. Ма хастам бо ас цу Далла.

ШозлагIа делахь, хIара оьзда адамаш девзи суна. Накъостий шайл диканаш кхин нислур бацара. Цигахь дог латтарх, суна ма-моьтту атта а ца хиллера Маккахь, Мединатехь лела. Амма бакъду, кху Меднис, Марьяма, шайн ненал башха ца хеташ, хаза лелий со. Дела реза хуьлда кхаьршинна а, хIара ши йоI иштта оьзда, гIиллакхе, къинхетаме кхиийначу кхеран дена-нанна а.

Массо метте кхача лаам  хиларна, дийнахь дукха дIасалела цигахь, ткъа со ханна жима а цахиларна, сан дегIана ницкъ алсамбаларна, чIогIа могаш йоцуш хиллера со цигахь. Даггара бакъдерг дийцича, цигахь ялар-м ирс хетара суна, делахь а, сайца болчарна сайх бала хила ца лаар-кха, – бохуш, дуьйцу Жовзана кхидIа а. –Дикалле кхочуш хIумма а дац. Хьалха – Дела, тIаккха – хIара накъостий дика хилар бахьанехь, гIоли  хилира суна. Юучуьнца, молучуьнца, молха-дарбанца  доггах дика хьаьжи-кха хIорш соьга. Дела реза хуьлда шуна, Дала меле лоьрийла аш сан мел йина терго, Дала мукъ лахь, вай гергарло, хада ца деш, лелор ду, Iодикайойла, некъ дика хуьлда, гур ду вай, ган доьгIнехь,  –  аьлла  дIасакъаьстира хьаьжой.

ЦIадогIуш, некъан  бахалла ас ойла йора:

– Ма дика ду-кх, тахана  дуьненан  рицкъанна тIаьхьа а бевлла, гIиллакх-гIуллакх мехаза а даьккхина, лелачу дуккха а адамашна юкъахь и Рахьмат, Марьям, Медни санна, сел къинхетаме, цIена адамаш долуш. Иштта дикачу наха безам бохуьйту уьш бехачу метте а, ирс ду-кха ойсхархойн и санна юьртахой болчу.  Дала сий дойла догцIенчу бусалба нехан массеран а!

СУЛУМОВА Дэти

Суьрта т1ехь: аьрру аг1орхьара шолг1аниг  – Чагаева Жовзан

№119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: