Нохчийн къомах йоцу Аминат

Нохчийн къома юкъахь кест-кеста нисло оьрсех, украинхойх, я кхечу къаьмнех буйла а ца хууш, шерра нохчийн мотт буьйцу нах. Иштачех ю Теркйистера къано, 80  сов шо долу Аминат.

     Сталинан 1едало Сибрех хьажийначу нохчийн къомо къиза халонаш ловш,т1ех1уьтту харцонаш зуьйш, чот йоцуш дукха къаьхьа къурдаш бинехь а, цо собарца сатийсина хьомечу, салаьттачу Даймахка юхадерзаре.

Шаьш мел де эшна белахь а вайнах г1оьналлин куьг кхийдош, г1ийланиг, мисканиг тидамза ца вуьтуш, шайн ницкъ кхочучу барамехь, г1аддайначарна г1ортораш хилла чекхбевлла цу хийрачу геналлехь 13 шо токхуш.

Кхечу къаьмнашца  уьйраш туьйсуш меттигаш а нисъелла.Тахана нохчийн ярташкахь бехаш к1езиг бац, берийн берийн бераш а долуш, оьрсийн, украинцийн, немцойн къомах болу къена зударий.

Царах цхьаъ ю 1930-чу шарахь Уфа г1алин Вологусаринск к1оштахь йина немцойн къомах йолу Редко Аделье, тахана Теркан к1оштан 1елин-Юьртахь Магамадовг1еран доьзалехь ехаш йолу Аминат. Иза, 18 шаре яьлла, кхиъна йо1 йолуш, Амината шеца болх бечу 1айшате «вала да воцуш, цхьа стаг ю ша» аьлла латкъам бича, Карагандан областерчу 1айшатан дас Якъуба шена х1усаме т1еозийра Аминат.

1айшата дагалоьцу: «Хьелий узуш балхахь яра со. Со цигахь а йолуш берийн ц1ийнера схьаеанера Аминат. Йоккха йо1 яра иза-м, доккха дег1 а долуш , 18-19 шо хир долуш. Со жима яра. И яра хьуна цу берийн ц1ийнехь кхиъна, цигаьрка узуш, къаьркъа  молуш. Божарша санна хечий, коччий бен лела а ца деш».

Шун дас т1елаьцначул т1аьхьа йитира цо цигаьрка…? хотту ас

«Цигаьрка а йитира, божарийн бедарш а охьаехкира. Бусалба нехан 1едалехь йолаелира иза. Тхох схьакхеттачул т1аьхьа кхузза маре яхара иза. Цкъа Казахстанехь яхара, шозза ц1адаьхкича яхара» – дуьйцу 1айшата.

1айшат, хьелийозархо хиллехь а, жима хилла, 15 шо бен доцуш. Боккха доьзал а хилла церан, иттех бер долуш. Шена ч1ог1а г1о хилира Аминатера бохуш дуьйцу 1айшат а. Цуьнга х1ума алар а тхан дас мага ца дора. Шул пайдехь хир ю иза эхартахь олура тхан дас.

«Балха т1ехь а цо д1атекхош яра со. Берашца а ч1ог1а тарлуш д1а-м яхара. Цо берана дов дича а , тоьхча а тхан дас-нанас х1умма а ца олура. Йоккханиг со яра. Шен вежарий, йижарий ду бохуш вовшашца дика тарлора», – бохура 1айшата.

Шел дуккха а кегийчу вежаршна, йижаршна човхош, тухуш, кхетош-кхиорехь дика т1е1аткъам беш чекхъяьлла иза. Кегийчарна цу хенахь Аминат нанас дена йина йиша яц аьлла дага а ца дог1ура  1айшата  дийцарехь. Х1инца берийн бераша а т1еоьцу иза дененан я дедейиша санна.

«Ша немцо елахь а,  боьха керста бохуш чекхъяьлла иза. 60 шо сов ду и тхоьца йолу. Барт ийг1ина, со д1аг1ур юй, 1ийр яций бохуш цкъа а девне а йийлина а яц и тхоьца. Нахана-м хаа а ца хаьа иза оха Сибрехахь т1елаьцна юйла», – дуьйцу 1айшата.

Шен йишех къамел динчу Теркан к1оштарчу 1айшата билгал ма даккхара, цунна цкъа а дага а ца оьккху, кхечу къомах, хийра стаг ю-кх х1ара боху, 1еса ойла. Цунна доза  доцуш боккха кхаъ бу ишта дог-ойла чуьрчу несарийн а, церан несарийн а берийн а хилар.

М.КАНТАЕВ

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: